ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думан Нохчийчуьрчу депутата кхайкхам бина, лехамашкахь болчу Iедалан критикашна хаамийн гIирсашна тIекхочийла сацаде


Саралиев Шамсаил

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутата Саралиев Шамсаила хьехна экстремизна а, терроризмана бехкебина, федералан лехамашка беллачу нахана оьрсийн хаамийн гIирсашкахь къамелаш дарна доза тохар. Нагахь санна парламенто и низам тIеэцахь, режимна критика ечу оппозицин жигархойн а, политикийн а таро хир яц зорбанан гIирсашна тIекхача.

"Федералан а, дуьненаюкъара а лехамашкахь болчу нехан къамелаш Оьрсийчохь сацаде аьлла, кхайкхам бо аса. Вуьшта аьлча, Зуламан кодексан муьлххачу артиклана тIехула зенаш а дина, махкара бовда а боьвдда, радиохь а, телехьожийлашкахь а авторийн передачаш йиллина ала мегар долуш, зорбане буьйлу уьш", - аьлла Саралиевс Daily Storm агенталле.

Депутата билгалдаьккхина, и дехкар къамелаш дечийн политикан позицих доьзна хилар, уьш, цо ша ма-аллара, Оьрсийчоьнан Iедалшна "тIелеташ", Американ цхьанатоьхначу штаташка а, Евросоюзе а санкцеш яхаре кхойкхуш хьийза. Прессана а, интернетера гIирсашна а хьеха тарло иштта нах зорбане бохуш "федералан а, дуьненаюкъара а лехамашкахь волу стаг", аьлла билгалонаш хIиттон – "арахьара агенташ" леринчу терроран вовшахтохаршна а, НКО-шна а хIитточарех тера.

Низаман проект кховдор доьзна хила тарло, шеца цхьаьна, вежарш Янгулбаев Абубакар а, ИбрахIим а зорбанийн гIирсашка бийларца (тIаьххьарниг ву федералан лехаме велла). Нохчийн Iедалхоша уьш бехкебо оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна хиларна. Саралиевс кховдийна проект бахьана долуш зен хила тарло Оьрсийчуьра дIабахначу оппозицин политикан Навальный Алексейн агIончашна а.

"Ур-аттала чубоьхкинчу нехан дешан маршо а яц режиман дозанашца бен йихкина, таллам бечу юкъанна чохь латтон нах ца бийцича а. Дешан маршонна доза детта йиш яц оцу бух тIе а тоьвжина – иза ца догIу Конституцица", - комментари йина Кавказ.Реалиига хаамийн а, аналитикан а "Сова" (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю, амма центр оцу сацамна реза яц – ред.) центран хьалханчас Верховский Александра нохчийн депутата динчу дIахьедарна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан гонара наха а Чиллан-беттан 4-хь дуьйна гуш-хезаш нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран фамили ца йоккху, цуьнан нана нуьцкъаха Нижний Новгородера ядийна Нохчийчу дIайигира, тIаьхьо полисхочунна тIелетта, аьлла бехке а йина цунна арест йира. Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалахь царна дуьхьал митинг хIоттийра, хаамийн гIирсаша бахарехь, цига схьагулбинера бюджетан белхалой. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-хь оьрсийн оппозицин политика Яшин Ильяс онлайн-петици хIоттийра президентана Путин Владимирна Кадыров Рамзан шен даржах вохор тIе а дожош. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла I00 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла. Хьалххо журналисташна а, бакъоларъярхошна а нохчийн Iедалхоша тийсина кхерамаш талла аьлла тIедожийра “Новая газетас”, журналистийн а, хаамийн гIирсийн белхалойн а Профсоюза а. Церан кхайкхамаш жоп доцуш диссира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG