ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дас маха тоьхначул тIаьхьа ши шо долу кIант велла Нохчийчохь


Оьрсийчуьрча Талламан комитетан Нохчийчура Талламан урхалла къастош ю хилларг. Болчу хаамашца, ши шо долу кIант а, шо кхаьчна йоI а шелделла хиллачух тера ду. Лоьрийн дешар дешначу цаьршинан дас маха тоьхна хилла шина берана.

Амма цул тIаьхьа цаьршинна могашалла кхин а галъяьлла. Ши бер дIакхачийна ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбанан хIусаме.

Гарехь, аллергий хилла боху лоьраша шина берана. И бахьана долуш кIант велла, цуьнан йиша вочу хьолехь ю.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG