“Роснефтан” маьхза шен активш Нохчийчоьнна дIалойла дац, хIунда аьлча цуьнан бахаман дай кхиболу акционерш хиларна, кхетайо экономисташа "Роснефтан" Нохчийчуьрчу мехкадаьттах позици. 12,5 миллиард сом мах хадийна цу компанин Нохчийчуьрчу бахаман, амма и мах хадош, Нохчийчу ца баьхкира аудиторш, хоуьйту Роснефто.