ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Заводаш ца хиларна Iалам цIанлуш ду олийла дац Нохчийчохь


Некъан йистошка а, хиш чу а, хьаннашка а нехаш дIакхуьссу республикера бахархоша.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омарца карара 2017 шо дIакхайкхина ду пачхьалкхехь экологин шо аьлла. Шортта ахча а ду цу гIуллакхна дайа лерина. Иштта хьал ду ерриге а Оьрсийчохь, экологаша дечу аьрзанашка ладоьгIча.

Нохчийчохь экологин хьал тахана во лоруш дац. Иза Iедалан а, нехан а хьуьнарца хилла хIума дац. ХIара ю аьлла завод а, комбинат яц кхузахь болх беш. Цара бехдеш дара Советан заманахь хIаваъ. Цхьана Соьлж-ГIалахь яра мехкдаьттан а, газан а ялх завод. Ала догIу, 90 процент авиацин керосин Соьлжа-гIалара латтош дара.

ХIинца заводаш ца хилар, Iалам цIанлуш ду бохург дац. Наха шаьш бехдеш ду иза. ЦIаналлийн культура лекха яц. Иза гойтуш ду некъан йистошка а, хиш чу а, хьаннашка а нехаш дIакхуьссуш хилар. Шелковский кIоштара Iаламан инспектор волчу Евгенийс иштта дийцира цуьнах лаьцна.

Евгений: «Некъаца воьдуш хьуна юккъе дIакхуссу нехаш чохь йолу галеш. Хьуна юккъе а, хи чу а кхуссий кхин дIа а дIабоьлху. Иза даьржина хIуума ду, къаьстина аренашкахь. Массо меттехь дIакхуьссу нехаш. Оцу нехех дIовш ма долу, хин а Iалам а бехдо.

Кхечу меттехь-м иштта кIоршме а ца хила мегара, амма и нехаш яхка а лой, хиш чу царах дIовш доьду. Хуьнан а, хинан а йисте вахча го-кх хьуна нехаш чохь йолу 3-4-5 гали. Олхазарш дIасакхьоьхьу и нехаш, Iалам а бехдо».

Ша иштта нехаш дIакхуьссучу нахаца къийсам даима латтош бу боху Iаламан инспектора Евгенийс, амма, уььш шайна доккха гIуда хира дуйла а хууш, къайлахь лела, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Евгений: «Протокол хIотто йиша ю, амма уьш чIогIа ларло. Воьдучу хенахь, 2-3 гали нехаш лакъа а лечкъий дIакхуссу. Со дукха ъан ю царна тIаьхьаваьлла лела, амма чIогIа ларло уьш, цундела куьйга тIера лаца атта дац».

Нохчийчохь Iалам бехкечарах машенаш ю. ХIора шарахь 150 сов тонн дIовш даржадо цара. Иштта кхин дIа а шортта бахьанаш ду махкахь экологи талхаян, аьлла соьга дийцира оьрсийоьнан халкъан фронтан декъашхочо Болотбиев Харона.

Иза ехха хенахь экологин департаментехь куьйгалхочуьнна гIовс лаьттина ву.

Болотбиев: «Коьртаниг вайн гонахь долчу Iаламах билгладаккха дезарг-хIаваъ ду. Иза цIена ца хилахь, бIаьрго схьалоцуш а доцуш, лерган хезаш а доцуш хуьлу. Дукха декъана вай дIакхуьссучу нехех схьадолу дIовш. Цуьнах цамгарш хуьлу. Дуккха а машенаш ю вайн. Цара ягоргах дIовш долу хIаваъе. Магийна барамаш ду цаьргара, амма иштта далахь а акхана бале ера йолуш ю-кх иза».

Экологин шо хIара шо чекхадаллалца лаьттар долуш ду.Цундела дуй а ца хаьа, «Роснефтьс» сацам бина Нохчийчохь битум деш йолу завод елла. Мел йоккха хира ю иза хууш дац, амма цуьнан еккъа проектан мах бу 9 миллион сом ца кхоччуш. ХIара шо чекхадалале йина яла езаш ю иза. Экологин шо чекхадалале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG