ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Электоратан элий. Харжамашна кечлуш ю Къилбаседа Кавказ


Къилбаседа Кавказера харжамаш, архивера сурт

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе, цуьнан борхIалгIачу гоне, харжа тарло парламенте хIинццалц кхочуш хилла а йоцчу партийн векалш. Иштта хета харжамашца доьзна деношкахь шен хаам арахецначу аналитикан "Акценты" центрна. Оцу юкъанна ала догIу, лахара бу Къилбаседа Кавказан бахархошна гергахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин мах. Хила тарлой дагахьдоцург Гезгмашин-беттан харжамашкахь?

Массо а регионаша "Харжамийн юкъара де" къасто деза Гезгмашин-беттан 17-19-чу денойх. Пачхьалкхан Думин депутаташ харжарал совнах, билгалбевр бу оцу барамехь меттигашкара низамкхолларан кхеташонийн депутаташ а, муниципалитетийн куьйгалхой а, декъашхой а.

Гезгмашин-баттахь куьйгалхо хоржур ву Нохчийчохь а. Тахана Iедалан мукъ шегахь болу Кадыров Рамзан воцуш, кепанна билгалваьккхина кхин а ши "къовсамхо" ву цуьнгара дарж дезаш – компартин векал, мехкан парламентан депутат Нукаев Халид а, шен Кадыровн администрацин куьйгалхочун гIовс Хаджимурадов Iиса а. Нах, церан гIулч къобалъеш, интернетехула шайн баккхийбер къадо боьлча, Хаджимурадовс сиха дIакъевлира шен Инстаграм машанера агIо.

Къилбаседа Кавказехь цхьана Нохчийчоьно бен ца хоржу шен куьйгалхо халкъан харжамашкахула. Республикийн куьйгалхой билгалбевр бу иштта Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – амма уьш хоржур бу меттигерчу парламенташа. Парламенте депутаташ бу хоржур болуш Адыгейхь а, Дагестанехь а, ГIагIайчохь а, Нохчийчохь а. Низамийн кхеташонашка векалш хоржуш хир ю оцу деношкахь шахьарш: Нальчик, Ставрополь, Соьлжа-ГIала.

Харжамийн Коьртачу комиссино (ЦИК) Марсхьокху-беттан 4-чохь ерзийна партешкарчу кандидатийн регистраци. 2016-чу шеран харжамашца дуьстича, кху харжамашкахь конкуренци дуккха а лахъелла: Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамашца дIакъевлина пачхьакхехь 43 парти, иштта лахдина къовсамхойн терахь. Кху тIаьххьарчу пхеа шера чохь демократин система йохош динчех дуьххьара тохар а дац иза.

"Акценты" центро шен хаамехь довзуьйту шагделла хьелаш. Цо бахарехь, харжамийн низамашна юкъабалийна 30 сов хийцам. Масех дийнахь латтон магадо хIинца харжамаш, дIадаьккхина агитаци ян ца магош хилла "тийналлин де", хенал хьалха кхаьжнаш таса магийна харжамийн каппел арахьа, харжамашка дакъалацар йолу бакъонех яьхна бахархойн цхьайолу категореш, шайлахь "экстремистийн юкъараллаш" а, "арахьара агент" статусе баьхна хаамийн гIирсаш а болуш.

Къилбаседа Кавказан республикаш электоратан элий беха, политикан конкуренци вуно лахара йолу регионаш ю

Къилбаседа Кавказан кхаа республикехь – Дагестанехь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь – парламенте чекхйовлуш йоцчу партешна елла регионийн квота ("Нийсонехьа", "Баьццарнаш", "Оьрсийчоьнан халкъан цхьаьнакхетаралла" партешна). Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а парламентехь векалш боцу 11 парти ю муниципалан квота елла.

"Формалехь болчу битамашца Къилбаседа Кавказ вуно шуьйра демократи йолу Оьрсийчоьнан дакъа долуш санна го, кегий партешна, муниципалан администрацешна алссам бакъонаш кхачийча санна хетало. Кхарачой-Чергазийчохь 8 партина кхаьчна харжамашкахь дакъалаца бакъо",— элира Кавказ.Реалиица къамел деш "Акценты" центран директора Чаблин Антона. Амма Iехалойла дац официалерчу терахьийн кочарх, тIетуьйхира цо.

"Къилбаседа Кавказан республикаш электоратан элий беха, политикан конкуренци вуно лахара йолу регионаш ю. Кегийн партийн бац политикехь цхьа а ницкъ, уьш шайн хьашташна бухахьо яккхийчу партеша. Цара харжамхошна хьалха хIиттош йолу программаш а ца хуьлу дахарца юстуш хIиттийна, я наха базбеш лидерш а бац царалахь", - дуьйцу Чаблина.

Наханна хIора харжамашкахь гинарг ду харцонаш лелор, кхаьжнаш къайлах алссам чутийсар

ТIаьххьарчу деа шера чохь лаьттина харжамаш дуккха а регионийн парламенташкахь. Амма даима а Къилбаседа Кавказерчу парламенташка доккхачу декъанна дIатаръелларг ю "Цхьааллин Оьрсийчоь" парти. Наханна хIора харжамашкахь гинарг ду харцонаш лелор, кхаьжнаш къайлах алссам чутийсар, тергамхошна духьалонаш латтор. Дукха харжамхоша бина леткъамаш шайн цIарх кхечара дакъалаьцна харжамашкахь бохуш. Ю кхаьжнаш нахера ахчанашца эцна а, билгалбаьхначу кандидаташна бюджетан белхахошка кхаьжнаш дIабалийтина меттигаш.

"ТIаьххьарчу 15 шера чохь харжамашкахь бозбуанчаллаш лелор сецна баьлла болам бу. ЖамI даима а "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин толамна бухадалош ду", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчу "Яблоко" партин Ставрополерчу декъан лидерна Зубенко Виталийна.

Цо бахарехь, дика агIо лоцу церан партин ГалгIайчохь – Магасехь 2019-чу шарахь Нохчийчоьнца доза къасторца йоьзна лаьттина протесташ къобалйира партино. Амма массанхьа а "Яблоко" партина харжамашкахь тола новкъарло йийриг ду кхаьжнаш таса оьшшучул дукха нах боьлхуш цахилар – ткъа оцо аьтто ло "Iедалан партина" шегахьа терахьаш дIанисдан, боху Зубенкос.

"Юкъараллин ойла" фондо Товбецан-баттахь хаттам бира бахархошка, теллира, наха хIун мах къастабо партешна. ЖамIо гайтарца, 8% нах бу Iедалехь йоцчу партешкахьа. И тайпа терахь 13,4% гайтина оццу муьрехь хаттам бинчу Юкъараллин лаамаш толлучу Ерриг Оьрсийчоьнан центро.

Харжамийн агитаци ян магош ду кандидаташна а, кандидаташкахьа а Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь дуьйна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG