ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь мехкадаьтта мел ду хууш дац, ткъа цуьнан шен бахьанаш ду, боху говзанчаша.

Нохчийчуьра мехкдаьттех долу хаттар, кху тIаьхьарчу 20 сов шарахь уггаре а нехан синтем бойъург ду. Юкъараллехь тахана а теша иза тIехсов дукха хIинца а ду бохучух. Масех де хьалха меттигерчу телехьожийлехь гайтина мехкдаьттах яьккхина фильм. Цуьнан коьрта маьIна – Нохчийчохь мехкдаьтта кIеззиг дисина аьлла дIакхайкхор ду.

ХIинццалц меттигерчу Iедало кхузара мел долу мехкдаьтта шен дола ерзийначу«Роснефтца» къуьйсура. Ала догIу 2 шо хьалха республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера Iаьрбийн пачхьалкхашкахьчул хIумма а кIеззиг дац мехкдаьтта Нохчийчохь аьлла.

Мехкдаьтта тахана Нохчийчохь кIеззиг даккхаран бехк Советан заманахь дуьйна сутара дIабаьхьначу белхан тIаьхье хилар ду бохуш, билгалдоккху говзанчаша.

Ткъа хIинца Iедалан телехьожийлехь нийса бIостанехьа дерг дIакхайкхадо. Ма-дарра хьал къасто хала ду, амма цунна тIаьхьакхуьуш махкахь шортта нах бу. Болотбиев ХIарон мехкдаьттадаккхархо хилла ву еххачу хенахь.

ТIаьхьарчу шерашкахь оцу балхаца ийна министраллашкахь белхаш бина ву. Хьал чуьра дуьйна хуучарех ву иза. Цо билгладоккху мехкдаьтта тахана Нохчийчохь кIеззиг даккхаран бехк Советан заманахь дуьйна сутара дIабаьхьначу белхан тIаьхье хилар.

Болотбиев: «Ларамза а доцуш, хIаллакйина вайн мехкдаьтта долу меттигаш «Роснефто». Хих юзийтина и меттигаш. Ас акхаралла олу цунах. Цуьнца тIом латтош министралла яра тхан кхоьллина. Иза а дIаяьккхира. Юха комитет яра изза болх беш. Иза а 2007-чу шарахь дIаяьккхира».

«Роснефто» а, цул хьалха хиллачара а бинчу балхо чолхе даьккхина и маьIда схьадаккхар.

Нохчийчохь мехкдаьтта даккхарца а, иза чекхдаккхарца а цхьацца дийцарш до «Роснефтца» меттигерчу Iедало. Цкъа «Чечнефтехимпром» шен долайоккху олу, юха битум еш йолу завод йо олу. Ткъа хIинца тIаьххьара дIакхайкхош дерг ду мехкдаьтта кхачалуш ду аьлла. И дийцарш а, кхайкхораш а, цхьабарт а болуш, лаккхара дуьйна схьадогIуш хIума ду аьлла хета хиллачу мехкдаьттадаккхархочунна Болотбиев ХIаронна.

Болотбиев: «Чеченнефтехимпром» а, кхидерг а дийцар а ловзарш ду. Шайн барт а бина, лелош хIума ду иза, кехатех ловзар санна. Со цуьнах тешаш а вац».

Советан пачхьалкхан мехкдаьттин а, газан а министр Соьлжа-ГIала веъча, цуьнга чIогIа дехар дина хилла меттигерчу говзанчаша, и маьIда иштта сиха хьала ма ийзахьара, иза кхачадаларна кхерам бу олий. Пачхьалкхан оьшуш ду иза, схьадаккха олий омра деш хилла оцу хьаькамо. «Роснефто» а, цул хьалха хиллачара а бинчу балхо чолхе даьккхина и маьIда схьадаккхар, аьлла дийцира Уренгой гIалахь болх бечу геолога Сатуев Рашида.

Сатуев: «Пачхьалкхана мехкдаьтта оьшуш ду, бохуш, технологи йоха а еш даьккхина мехкдаьтта вайн цIахь. Бухах иза дисина ду. Амма цхьа буру тоха 2 миллиард сов сом ахча дайъа деза. Ткъа иза дойъучул Сибрехь оцу ахчанах эзарнаш сов пайда бало цаьрга. Амма Рамзанан аьтто болу Путинехула а, я кхечу агIор а цаьрга буру тохийта, керла меттигаш таллар».

Нохчашна юкъахь лелаш ду, мехкдаьтта схьадаьккхинчу меттигехь паргIатъяьллачу харш чу а кхетта, масала Соьлжа-ГIала хин бухагIур ю боху хIума. Тамаш бу иза хилахь аьлла дийцира геолога Сатуев Рашида.

Сатуев: «И хьал ца хуучу нахана мехкдаьтта Iам санна лаьттан бухахь ду моьтту. Иза иштта дац. Итум-Кхаьллахьалавоьдучохь муха ду лаьмнаш гIамаран а, киран а тIулгаш а долуш. Оцу тайпа ду лаьттан бухах мехкдаьтта а. Оцу тIулгашна юкъахь долчу дуткъа харш чохь ду и мехкадаьтта.

Къа ца хьегахь гIуллакх хир дац, мехкадаьтта хила мега бохуш Iарх, чIагIдо говзанчаша.

Сабадашорго хи муха узу шена чу, иштта и мехкдаьтта а ду оцу тIулгашна юкъахь. Иза хьалаоьзча и есалла хих хьалаюзу. Цхьанна а меттехь и маьIда даьккхина аьлла мохк бегийна боху хIума хилла дац».
Мехкдаьттах дерриге а къам дехар ду бохург бакъ ца до Болотбиев ХIарона а, Сатуев Рашида, и шиъ санна болчу кхечу говзанчаша а.

Къа ца хьегахь, гIуллакх хир дац, ткъа болх а беш, тIекхуьучу чкъуре деша а доьшуьйтуш кхиадахь, мехкдаьттанах болучу пайдане хьежа а ца оьшуш, токхо кхане хир ю боху цара. Ткъа мел хIун йисна оцу маьIданех цунна да хIоьттинчу «Роснефто» кхайкхош а дац.

XS
SM
MD
LG