ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан керлачу санкцийн тептарехь нисбала мега Кадыров Рамзанан гергарнаш


Кадыров Рамзан а, Кадырова Iайшат а
Кадыров Рамзан а, Кадырова Iайшат а

Оьрсийчоь Украине чугIортар бахьанца кечйина йолу ЕС-н уьссалгIа санкцийн пакетан проект гайтина Еврокомиссино официалехь, йаздо Радио Свободано. Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзалхошна дуьхьал персонале санкцеш йаха тарло.

Керлачу санкцех лаьцна дийцина Еврокомиссин куьйгалхочо Урсула фон дер Ляйено. Пилот воцуш лелош долу муьлхха а хIаваъан кема Оьрсийчу кхачор дехка боху цигахь, масала. Царна лерина мотораш дахьийтар а ца магадо – Оьрсийчоьнна дихкина ца Iаш, ЕС-на хетарехь, уьш Оьрсийчоьнна йохка мегаш йолчу пачхьалкхашка уьш кхачор а ца магадо цара, масала, ГIажарийчу.

Иштта Оьрсийчоьхь Iаламан ресурсаш йахаран секторе керла инвестицеш йар дехка боху проектехь. ТIамехь пайдаэца тарлуш йолчу ресурсашна, маьршачу хенан технологешна а Оьрсийчу экспорт йарна а тIехь кхин а чогIа тидам бийр бу.

Оьрсийн йиъ телеканалех, кхаа банкех хьакхалуш хир йу санкцеш. Церан цIерш хIинца ца а йуьйцу.

200 наханна а, юридикан а цхьанатохараллашна а дуьхьал персоналан санкцеш йу кечйеш – активаш гIорор, билгалбаьхна нах шайн пачхьалкхашка ца битар. Буьйцурш депутаташ, хьаькамаш, тIеман буьйранчаш, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш, тIеман индустрин хьукматаш, политикан партеш а йу.

Хьалхо кхаара дийнахь Bild зорбано дийцира шен хьасташна тIе а тевжаш. Кадыров Рамзанан гергарчу наханна дуьхьал йаха мега санкцеш – шина йоIанна а, шичина, амма церан цIерш ца йуьйцу.

Кхиъна кхо йоI йу Кадыровн – 23 шо долу культуран министран даржехь йолу Iайшат, Соьлжа-ГIалин школазхойн дешаран департаментана куьйгалла деш йолу 22 шо долу Карина (Хадижат), 18 шо долу Табарик а. Республикехь кеп-кепара даржаш дIалаьцна болчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йалх шичарех лаьцна хаьа Кавказ.Реалиина. Царах цхьаъ Нохчийчоьнан даьхнийн а, латтийн а йукъаметтигийн министран даржехь волу Ибрагимов Турпал-Iела ву.

Санкцийн уьссалгIа пакет къобалйан мега тIедогIучу кIирнахь ЕС-н саммитехь. Проектана кхин а хийцамаш бан мега.

  • Гезгмашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу активашна тIехь Iуналла латточу урхалло, Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкинчу нахах хIоттийначу "Iаьржачу тептаре" йаьккхина Кадыровн хIусамнана Кадырова Медни а, цуьнан шолгIа зуда йу бохуш хьахийна йолу Хазуева Фатима а, кхозлагIа цIийнана лоруш йолу Ахмадова Аминат а, иштта Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIарий Iайшат, Карина (Хадижат), Табарик, цул сов, цуьнан шича Ибрагимов Турпал-Iела а.
  • ГIадужу-баттахь Японино санкцеш йехира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзалхошна а, иштта Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман вежаршна дуьхьал. Санкцийн тептарехь билгалйаьккхина Кадыровн официалехь йолу зуда – Медни, иштта оцу кехаташ тIехь цуьнан ши хIусамнана санна хьахийна йолу Хазуева Фатима а, Ахмадова Аминат а. Цул совнах, тептарехь бу берхIитта шарера бевлла Кадыровн йоьIарий – Iайшат, Карина, Табарик.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG