ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхеташоно эхашаранна яхйина Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бюсселехь хиллачу саммитехь Европан кхеташонна юкъхайогIучу 27 пачхьалкхан лидерша, массо а реза волуш, эхашаранна яхйина Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна экономикан санкцеш. Цунах лаьцна дIахьедина саммитан жамIаш деш хиллачу зорбан-конференцехь Европан кхеташонан куьйгалхочо Мишель Шарла, хаам бо "Американ аз" портала Reuters а, Agence France-Presse а агенталлашна т1е а тевжаш.

Дехкарш юкъадаьхнера 2014-чу шарахь, Оьрсийчоьно "Украинехь хаьла чолхедоккхуш лелочунна" жоп луш, оцу хенахь дуьйна санкцеш масийттазза яхйина.

"Европан кхеташонна юкъхайогIучу 27 пачхьалкхан лидерша цхьабартболуш сацам бина, Оьрсийчоьнна дуьхьал экономикан санкцеш яхъян. Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне кхочуш де Минскехь бинчу бартан хьайн дакъа", - элира Мишела.

Цо иштта дIакхайкхийра, Украинина дуьхьал агресси йина хIума хилахь, Оьрсийчоьне хьоьжуш ю "масштабан тIаьхьалонаш а, ткъа иштта оцу агрессин лакхара мах а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG