ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь ракеташна дуьхьал турс кхоьллина Iамерко


Румыни -- Девеселу олучу меттехь ракеташна дуьхьал система кхоллар дIадолоран церемони, 03Стиг2011
Румыни -- Девеселу олучу меттехь ракеташна дуьхьал система кхоллар дIадолоран церемони, 03Стиг2011

Европера ракеташна дуьхьал система болх бан йолалуш аьлла официалан кепара дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штаташа Еарин дийнахь. Вашингтоно 10 шо хьалха дIакхайкхийнера ГIажарийчоьнан баллистикийн ракетех лардала леррина турс кхуллуш ду шаьш аьлла. И турс кхолларан хронологи иштта ю.

2007: Iамеркин президенто Буш Джорджа хаам бира Полшехь ракеташна дуьхьал йолу система а, ткъа Чехехь радар а кхолла дагахь ю Цхьаьанатоьхна Штаташ аьлла. Иза хила езаш яра Калифорнехь а, Аляскехь а кхоьллинчу ракеташна дуьхьал йолчу системан дакъа.

2009: Iамеркин президенто Обама Барака сацийра Бушан план кхочашъяр, цуьнан метта хIорданан стратеги юьхьара а лаьцна. ГIажарийчоьнан ракеташна дуьхьаллаттар мелл а сиха хир ду хIордан кеманех пайда а оьцуш аьлла. Ткъа латтан тIехь йолу базанаш ян дагахь хилла Iамерка мелла тIаьхьа.

2010: Цхьаьнатоьхна Штаташа дIахьедар дина ракеташна дуьхьал система тIехь йолу хIордан кеманаш хьовсор ду шаьш 3000 километр генара хоьцу ракетех НАТО-н Европера ницкъаш ларбар Iалашонца аьлла. НАТО реза хилла и система шайна кхерам бохьуш ю аьлла синтем байначу Москохца дийцарш дIадахьа.

2011: Iамерко еххачу ханна ракеташна дуьхьал йолу система дIахIотто Дуьненаюкъарчу хIорде хьажадо Monterey олу хIордан кема. Нидерландаш реза хуьлу Iамерко ракетийн турс дарехь дакъалоцуш тIехь радараш долу хIордан 4 кема хьажо. Туркойчоьно шен территори тIехь дIахIоттайо Iамеркин радио локацин станци.

2012: Чикагохь хиллачу НАТО-н саммитехь Альянсо дIахьедар до Къилба Европа баллистикийн ракетех ларъян аьто бу шен аьлла. ТIейогIучу хенахь ерриг а Европа, Гренландина тIера Азоран гIайренашна тIекхаччалц ларъян аьтто хир бу аьлла дIакхайкхадо НАТО-но цу саммитехь.

2013: Оьрсийчоьно юкъахдоху ша НАТО-ца дIахьош хилла дийцарш.

2015: Цхьаьнатоьхначу Штаташа чекхдоккху Румынехь Девеселу олучу меттехь шен ракеташна дуьхьал система кхоллар.

2016: Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедар дина Девеселу меттехь йолу ракеташна дуьхьал йолу система болх бан йолаелла аьлла. ШолагIа система кхолла йолийна Полшин территори тIехь.

2018: Полшехь болх бан йолалур ю цигахь кхуллуш йолу ракеташна дуьхьал йолу система.

XS
SM
MD
LG