ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу пачхьалкхийн барт хилла мигранташ вовшашна юкъахь бекъа


Хорвати -- Товарник гIалара станци. Мигранташ тIехь болу цIерпошт. Гезг.22, 2015.
Хорвати -- Товарник гIалара станци. Мигранташ тIехь болу цIерпошт. Гезг.22, 2015.

Мигранташ Евробертан пачхьалкхашна юккъехь боькъуш йолу квотанаш юккъеяхар къаьстина Германин, Австрин куьйгалло дийцаре деш долу масех кIира а дара. Цу шина пачхьалкхено, уггаре а алсамох мухIажарш тIеэцар тIедоьжначу, цу кепара сацаме кхин йолу Европера пачхьалкхаш кхайкхар тамашийна а дац.

ХIунда аьлча, нагахь санна кху шина -кхаа баттахь Европе чухьаьлхинчу бIеннаш эзарнаш мухIажарех доккхах долу дакъа Германе я Австре кхача гIерташ делахь, Евробертана юккъе йогIуш йолу кхин дIа йолу ткъех пачхьалкхе я и хIума шайх хьакхулуш а доцуш санна Iаш ю, я мигранташ шаьш долчу ца кхачийтархьама сихйелла шайн дозанаш чIагIдеш йохку. Ткъа цу юкъана еккъа цхьана Германино карарчу хенахь 400 эзар мигрант тIеэцна, хIара шо чекхдалале церан терах миллионе кхача там болуш ду.

Цу хьелашкахь цхьа эзар я ур-атталла цхьа бIе мухIажар тIеэцна а боцуш Iа иттанаш Европера мехкаш. Царна юккъехь ю Финлянди а, Румыни а, Исланди а, Словени а. Исландехь, масала, 80 стаг тIеэцна, ткъа Словенехь 95. Дустарна аьлча, Австриной, Швециной, Италиной хIораммо а 30 эзар герга стаг тIеэцна, ткъа мигрантийн сатийсамийн мохк хилла дIахIоьттинчу Германино, хьахийна ма-хиллара, 400 эзар стаг чувитина.

Шинари дийнахь Брюсселехь цхьаьнакхеттачу Евробертан чоьхьарчу гIуллакхийн министарша бина болу сацам гаррехь тоаме бац, хIунда аьлча церан хиллачу бартаца I20 мигрант воькъур ву Цхьаьнакхеттачу Европина юккъейогIучу 28 пачхьалкхено. И декъар доьзна хир ду хIора пачхьалкхан бахархой терахь а, лаьттанийн йоккхалла а, ткъа иштта экономикан кхиина хилар а тергоне а оьцуш. Карара шо чекхдалале Европе, тайп-тайпанчу аналистийн шайхаллашца, миллион герга мухIажар кхочур хилар тидаме эцча, и терахь - I20 эзар стаг – хIурдалахь хи кана санна кIеззиг ду.

ХIетте а, оццул мукъане а мухIажарш бекъаран хьокъехь барт хила ца туькуш масех кIира дIаделира Евробертан пачхьалкхийн векалийн. Иштта, масала, Венгрий, Румыний, Словакий, Чехий хIинцалца схьа а яра шайн мехкашкахь мигранташ тIеэцарна дуьхьал, ткъа шинари дийнахь кхаж тассарехь а дуьхьал куьг айдира цара. И бахьана долуш Еврокомиссин куьйгалхочуо Юнкер Жан-Клода карладаьккхира цу пачхьалкхийн куьйгалхошна, ткъллгIачу бIешерахь ШозлагIа Дуьненан тIом болчу муьрехь шайн мехкашкара бевдда, кхечу пачхьалкхашкахь тховкIело карийна эзарнаш шайн махкахой дагалаца аьлла.

Нагахь санна, Евробертан куьйгалхой мигрантийн цхьа дакъа мукъане а вовшашлахь декъа кIиранашкахь барт ца хуьлуш леллехь, Европера могIарера нах кхин дIа а масала доцу солидаралла а, мухIажарщца къинхетам а гойтуш бу. Венерчу театрехь болх беш йолу актриса Ансманн Натали кхо кIира а ду, шен хIусамдеца доларчу машенахь Венгре а, Итале а, Греце а, ткъа хIинца Хорвате а оьхуш мухIажарш Австре я Германе мехаза схьакхуьйлуш йолу. Нагахь санна Iедална иза гучудалахь, 5000 евро гIуда тоха йиш ю цунна. ХIетте а, шен тамашийна орца кхачоран акци йита ца юьту Наталис. Маршо радиога иштта дийцира цуо, ша лелочух лаьцна.

Ансманн Натали: „ХIоранан дахарехь цхьа момент нисло, цуо хIара хIума легал ду теша я дац теша бохучуьн ойла а ца еш, гIо оьшучарна гIодеш. И санна йолу момент ю тахана вайна хьалха хIоьттинарг. Йоллучу Европехь мигранташца хIоьттина долу ла ца далла хала хьал вайна гуш ду. Шайн цIера бовда а дезна, кхуза схьакхаьчначу адамашна вайн солидаралла гайтар а, царна гIодар а ду вайна тIехь. Уьш дозанал сехьа а баьхна, схьабахкийначул тIаьхьа кхуза Венерчу Вестбанхофехь цхьа меттиг ю, уьш тIебига йиш йолуш. Амма коьртачу декъехь цу нахана баха лууче дIакхетабо оха уьш“.

Ансманн Натали санна шайн доларчу машенашкахь мигранташ къайлах дозанехула сехьа а бохуш, Австре я Германе дIакхетош берш кIеззиг бац цу шина пачхьалкхехь бехачу бахархошна юккъехь. Ур-аттала вевзаш волчу Австрин парламентан депутата, Баьццарчу партин векало Пилц Петера а гайтира кху деношкахь фейсбукехула шен машенахь Вене мухIажарш а бахкош ша вогIу сурт.

Цу юкъана, Евробертан I9 пачхьалкхенна дуьхьал дисциплинаран талламаш схьабиллина Еврокомиссино, цу пачхьалкхаша Цхьаьнакхеттачу Европин мухIажарш тIеэцарх а, царна оьшучу кепехь Iуналла даран а, церан тховкIелонах долу дехарш телгалдарах а долу низамаш хьоьшуш ду аьлла. МухIажарш тIе ца оьцуш дуьхьал яьлла йолчу Венгрил совнаха Германий, Франций, Италий, Австрий, Испаний, Нидерландаший а ю цу могIаршлахь. Нагахь санна тIебогIучу шина баттахь цу пачхьалкхаш мухIажарш тIеэцаран хьелаш Евробертан низамашца догIучу кепара дIа ца нисдахь, царна дуьхьала Европерчу кхелехь бехкталламан гIуллакх схьадоьллур ду.

„Евробертан пачхьалкхаш эххар а шайна жоьпалла тIе а эцна, шаьш дан декхарийлахь дерг дан долон деза“, - элира цу хьокъехь Еврокомиссин куьйгалхочуьн гIовс волчу Тиммерманс Франса Брюсселехь мигрантийн кризисна лерина йолу саммит дIайолош шен вистхиларехь.

XS
SM
MD
LG