ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йинчу денца декъалйеш Кадыровс Титан бекъа эцна шен йоIана


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эцна Оьрсийчохь уггар а дукха титулш йолу, Титан цIе йолу бекъа. Шен инстаграм-аккаунтехь бина цо цунах лаьцна хаам, яздо Lenta.ru гIирсо.

"Муха хета шуна тхан Титан?",- яздина регионан урхалхочо видеона бухахь.

Тренеро куьйгалла а деш, говро кеп-кепара трюкаш кхочушъеш гойту видео тIехь. АйгIар бохкарх информаци тIечIагIйина ишта инстаграмерчу шен агIонехь говраш лелочу Либонтова Аринас а.

«Hermits Titanium", Оьрсийчуьрчу тинкер породех схьаяьлла уггар а титулш дукха йолчу говро хийцина шен да, хIинца Нохчийчохь ехаш ю иза. Тхан хьоме зефир дIаяхна Кадыров Р.А-с дола а деш, цуьнан исбаьхьчу божалахь тайп-тайпанчу элитан говрашца цхьаьна яха", - яздина цо хаамехь.

Либонтовас чIагIдо, Кадыровн йоьIан йинчу денна дина совгIат ду и говр, бохуш.

Тинкер, иза Ирландехь кхиийна ирландхойн коб, йа ромалийн южург ю. Оцу говрийн кIужал а, кхес а юькъа хуьлу, бергаш а евлла хуьлу.

  • ТIаьххьарчу шина шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу говраша къовсамашкахь даьккхина 33 млн 724 эзар сом, яздора "МБХ медиа" ресурсо.
  • Говраш хехкарца йоьзна йолчу Германерчу Turf-times портало бахарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалаьцна Дубайрчу кхаа къовсамехь, даьккхина ахча ду евро валютехь 236 эзар а, 182 эзар а, 29 эзар а.
  • Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь доцуш, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыровн говраш хихкина Чехерчу къовсамашкахь а, амма цигахь ца даккхаделла 4,2 эзар крона бен (12 эзар сом гергга).
  • Хьалхо хаам баьржира, 6 миллион доллар мехах йолу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан говраш Чехехь йисина Европан Берто цунна дуьхьал санкцеш яхар бахьана долуш, аьлла. Цул сов, шаьш говраш а евлла къовсамашкахь дакъалоцучу хенера. Кхоъ хохку говррий, ши бекъий бен яцара Чехехь Кадыровн и хаам баьржачу муьрехь.
  • Коррупцина дуьхьал талламаш бечу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" центро хаийтира 2014 – 2018 шерашкахь Кадыровн говраша къовсамашкахь 110,5 миллион сом а Чехехь а, 1 миллион сов сом Германехь а даьккхина хилар. Амма санкцеш бахьанехь и ахча дIа ца кхечира Кадыровга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG