ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Mylistory-х кхачам хиррий-те?


"Магнитскийн тептаро" кхайкхийна дехкарш къобалдеш?..

Дуьненаюкъарчу социалан машанаша - Фейсбуко а, Инстаграмо а – дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шайн платформашкахь йиллина хилла аккаунташ.

Ша-м мегар вара уьш цахиларх, амма къа ца хийти Iамерканна шен агIонашка язвеллачу кхо миллион Оьрсийчоьнан вахархочух, аьлла, дегабаам а къадийна, Соьлж-ГIаларчу рекламан "Майли" фирмин директоро Эсханов Мохьмада дукха хан йоццуш интернете яьккхинчу Mylistory машане язвелла Кадыров.

Кхаа миллионах дерг аьлча, веккъа цхьа иза бен а вац Фейсбукой, Инстаграмой "блоке хьажийна". Делахь а, цуьнан го, Нохчийчуьра Iедалхой, депутаташ, бу шай-шай лоцу лидеран агIо, араволу Iамеркан машанашкара, бохуш. Масала, хьалха дуьйна а оццу "Магнитскийн тептара" ваьккхина латточу Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дина ишта дIахьедар.

Оьрсийчуьрчу хьаькамаша а эцна тергаме Фейсбуко а, Инстаграмо а Кадыровн аккаунташ дIакъовлар. "Иза информацех а, юкъарлонех а пайдаэца магош йолчу бакъонах ваккхар ду. Кхераме прецедент ю иза, ца довлу тхо изза жоп ца делча", - аьлла хиллачун хьокъехь Пачхьалкхан Думин спикеро Володин Вячеслава.

Хууш дац, бостур бу я бац Iамеркарчу машанаша шаьш Кадыровна тоьхна гураш. Ткъа цо сихха хаийтина ша Нохчийчохь кхоьллаеллачу Mylistory машанехь аккаунт йиллинийла.

ХIун башхалла ю Mylistory-н?

Массех де ду керлачу машане нах, доккхачу декъанна нохчий, язбала буьйлабелла. Хьалхарчу деношкахь цу чохь агIо йиллинарг ву 30 эзар гергга стаг. Цкъачунна тIехь тидам саца дац цу чохь, Путинан, Кадыровн аларшший, махкарчу меттигийн суьрташший бен. Вуно дукха спам а ю хIинцале.

Mylistory карайойла ду App Store а, Google Play а интернет-базанашкахь, мелла а тера ю Инстаграмах, чухIиттадало суьрташ а, видео а, йозанаш а.

Платформа кхоьллинчу Эсханов Мохьмадан цIарх араяьлла яц кхин цхьа а программа. Ша Mylistory тера ю Инстаграман ширачу версех – и санна дешин басахь, цуьнан санначу йозанахь логотип.

Эшна ду Mylistory "иэс" доцуш, хьалхо чуяьккхина информаци схьалаха аьтто луш а, я кхечу декъашхойн тобанашка дIахьажайойтуш а яцар. ГIуллакх ца хуьлу оцу чуьра информаци кхечу машанашка дехьаяккха гIортарх а.

Mylistory чохь шена агIо къастийначу Кадыров Рамзана (kadyrov_95) дуьххьара дитинчу йозанех ду хIара: "Iамеркан Пачхьалкхан департаментан белхахошна чубовла ца магадо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан, Нохчийчоьнан куьйгаллин пурба доцуш".

Цкъачунна Нохчийчуьра ю Mylistory-н ерриг а санна публика.

Муха тIеэцна нохчаша Iамерко Кадыровна дина таIзар?

Ши хьажам бу нехан Кадыров "Магнитскийн тептара" ваккхарх а, цунна социалан машанашка некъ бехкарх а. Бу къобалдийраш а, цуьнан агIолоьцурш а.

Фейсбукехь яздо Sabre Tooth ник лелочу нохчочо: "Мейлстори" хезча, сунна стенна а делахь а дагатесира Сайрус Майли (гоьялла Iамеркара поп-седа, актриса – М.Р.).

Викинг Чеченсон: "И гIурт муха боккху рекламе хаьий хьуна? Ахь инстаграмехь #mylistory хештег лехча, хаало шайх "бамбита" олу мехкарий оцу машане дехьабевллийла! "Бомбиташца" дIаийзабо цига нах!"

Маршо Радиогара билгалдаккхар

"Бамбита" ( кегийрхойн сленгехь) балдаш ботексца дусийначу, модехь куц-кеп а, духар а лелочу мехкарех олу.

"Рамзана ша йина шена цIе, хIуманцца а, цхьаьнгге а дIакъовлалур яц иза".

"Кадыров" бохург – къам доьхкинчийн, нах байинчийн, къола диначийн, тешнабехк биначийн васт ду".

"Рамзан, Дала Iалашвойла хьо!"

"Рамзан, доккхачу элпаца цIе хьахон езаш къонах ву, дешнаш а тоьар дац цо дина диканаш охьадагардан".

Оцу кепехь комменташ эзарнашкахь язйо Фейсбукехь, Инстаграмехь, кхечу машанашкахь бухабисинчу наха.

Митинг хIоттор ю деношкахь Кадыровн Инстаграм дIакъовларна резабоцчу кегийрхоша. Иштта хаам баржийна "Мокох дуьйцу" ("Говорит Москва") радиостанцига нохчийн кегийрхойн юкъараллан лидеро Тапаев Рустама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG