ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook, Twitter WhatsApp гIуданаш такха декхарийлахь йина Москварчу кхело


Оьрсийчуьрчу социалан машанашкахь аккаунташ йиллинчех персоналан хаамаш латто дуьхьал хиллачу фейсбукна а, твиттерна а 15 а, 17 а миллион соьмана гIуданаш хьарчийна Москварчу кIоштан кхело. Facebook-н йолчу WhatsApp мессенджерна 4 миллион сом гIуда тоьхна. Роскомнадзоран сайтехь бина и хаам.

Урхалло тIедожийна IT-гиганташна, 2015-чу шарахь Оьрсийчоьно персоналан хаамех локализаци ярх тIеэцна низам кхочушдар. Цуьнца а догIуш, шайх лаьцна муьлхха а информаци Оьрсийчуьрчу бахархоша юьтучу хIора сервисо ларбан беза и хаамаш.

Сервер Оьрсийчу дехьаяккха дуьхьало яр бахаьана долуш 2016-чу шарахь Оьрсийчоьно дIакъевлира LinkedIn социалан маша. Ткъа ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан рынкашкахь йовзийтинчу дуккхаъчу яккхийчу IT-компанеша тергамза дуьту низамашкахь шайна тIедожориг.

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Facebook-о дIакхайкхийра, социалан машано а, цуьнан Instagram, WhatsApp сервисаша а Iалашйийр яц адамийн бакъонаш хьоьшучу пачхьалкхашкахь агIонашка язбеллачех конфиденциалан информаци аьлла. И пачхьалкхаш корпорацино муха билгалйохур ю – хоуьйтуш дац.

Стохка Чиллан-баттахь ишта а гIуда тоьхна ю Twitter а, Facebook а 4 миллион соьмана ший а. Бахархойх лаьцначу хаамашна локализаци ян дуьхьалхиллачу Google-на а туьйхира гIуда кху аьхка.

Низам кхочуш ца дарна Роскомнадзоро болх бар лагIдира твиттеран 2021-чу шеран бIаьста.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG