ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федералан бюджетера ахча эцарехь 4-чу меттехь ю Нохчийчоь кхушарахь


Дагестан 2021-чу шарахь хьалхарчу метте яьлла дотацеш лучу регионашна юкъахь Оьрсийчоьнан федералан бюджетера ахча эцаран тептарехь. Республикана бюджетаца кхачо ярхьамма федералан бюджетера цунна лур ду 72,9 миллиард сом.

Хьалхарчу кхаа регионна юкъахь ю Якути а (51,6 миллиард сом), Камчаткин мохк а (41,1 миллиард сом). ЙоьалгIачу метехь ю Нохчийчоь. Цнну дала планехь ду 33,5 миллиард сом, хаам бо "Кавказский узел".

Дотацеш яларехула йолчу регионийн лидершна юкъахь бу Ставрополан мохк а - 24,3 миллиард сом.

Цуьнга хьажна доцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Марсхьокху-баттахь дIахьединера, республика тIехъяьлла дахаран хьал дика хиларца, кхийолу мехкан регионаш тIегIертачу дозанна аьлла. И дIахьедар догIуш дац, официалан статистикица, Нохчийчуьрчу дукхах болчу социалан-экономикан гайтамашца. Иза юьсуш ю аутсайдершна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG