ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн иллеш зевне дека Тбилисехь


Кистойн иллийн Тбилисерчу фестивалехь дакъалоцуш бара нхчийн а, гуьржийн а поэташ а, иллиалархой а.

Даймахкахь вехаш ца хилча а, цуьнца боьзна бу хIора нохчочун деган мерзаш. Мукъамашца, иллешца, ширачу, хазачу ламасташца Iалашдо иза баккъалла а къоман амалш йолчу вайнаха. И масал хилира дIадаханчу шинарин дийнахь Тбилисехь. Гуьржийн махкара ПIаьнгаза чIожехь бехачу кистойн концерт дIаяхьира кхузахь.

Оцу самукъадаккхаран суьйрене баьхкинера дуккха а нах, шайна юкъахь иллиалархой а, поэташ а болуш.

Амма массарел дукха бара нохчошца уьйраш йолу, гуьрдийн-нохчийн вежаралла лелош болу нах. Нохчийчура а, Урданера а бара. Концерт йолийра Кавказехь вевзачу пондарчо Паскаев Рамзана.

Ша дош олуш Паскаев Рамзана билгалдаьккхира къаьмнийн доттагIалла чIагдар мехалла хIума хилар.

Паскаев: «Тахана вай цхьанакхетта а, гулделла а чIогIа хазахета суна. Вай башха генахь Iаш а дац, вовшен тIедаха. Дала барт цхьаъ бойла вайн! Дала ирс-аьтто болуш дахар хуьлда шун кху махкахь! Вай ларъеш ерг уьйр ю, вовшашка болу безам бу. Дала аьтто бойла вайн!»

Гуьржаша шаьш бистхуьлуш йийшира шайн поэтийн байташ, нохчошца уьйраш хиларна баккхийбарх юьйцуш йолу. Гуьржийн маттах ца кхетахь а, къаьсташ дара и дешнаш даггара нохчийн къоме хьовха безам буьйцуш дуйла. Сих-сиха олура дош «сикъмарули» - безам бохург ду изагуьржийн маттахь.

Кистойн концерт хIора шарахь дIахьош верг ву ПIаьнказ-чIожехь вехаш волу иллиалархо Борчашвили Султан. Бисултанов Аптин Кавказ хестош, цуьнан сийлалла юьйцуш йолу байт, гуьржийн матте а яьккхина, ша баьккхинчу мукъамца дIаэлира цо.

Концерт чекхъяьлча Борчашвили Султана дийцира цуьнан Iалашонех а, маьIнах а лаьцна.

Борчашвили: «Вайнехан концерт шарахь цкъа хуьлуш ю. Вайн култура кхузахь дIа ца ялийта еш ю оха иза. Вайца кхузахь эшарш локхуш кхеран тобанаш ю. Дукхахберш ломара нах бу хIорш. Вайх тера ду церан гIиллакхаш а, амалш а. Хьаьжас аьлла хилла, вайчарах кхеран аьзнаш а, гIиллакхаш а ду кхеран».

Сцени тIе ваьллачу хIоран артистан номер даггара тIеоьцура хьовсархоша. Къаьсттина цхьана жимвчу йоIа безамах лаьцна йиш локхуш, дехха тIараш диттира наха.

Концерт дIайирзича а дIаса ца бовлуш бехха лаьттира нах шайн цуьнах болу битамаш буьйцуш. Гуьржичо Тамар Кириселидзес иштта элира шена хетачух.

Кириселидзе: «ЧIогIа хаза, башхалла йолуш доттагIаллин концерт яра хIара. Нохчий сайн вежарий-йижарий хета суна. Суна чIогIа дукха деза и къам. Со ирсе ю иштта вайн доттагIалла долуш».

Кху шара дуьххьара еанера кистойн концертехь дакъалаца Нохчийчура тоба. ТIедогIучу шарахь кхин а шуьйра, кхин а чулацаме хилийта Iалашо ю цера кистойн эшаран фестивал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG