ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фортангехь бечу белхашна оьгIазбахна гIалгIайн жигархой "питанчаш" бу аьлла Кадыровс.


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Дозанна гергарчу Фортанга хийистехь нохчийн Iедалхоша йистош чIагIъеш болийначу белхашна тIехула хиллачу инцидентна комментарий йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Луларчу республикан юкъаралле а ца хоуьйтуш, уьш болорна а, хин харш хийцарна кхоьруш а ГIалгIайчуьрчу Сунжа кIоштахь халкъан гулам хIоттийнера.

"ГIалгIайчоьнца долчу дозанийн тема меттахъяьккхина ас. Кхайкхамбина вежараллин халкъе, националистийн карта ловзо яьлла питанчийн цхьа тоба сацае аьлла. И хааттар дIакъевлина ду гуттаренна а, низаман элпаца дерриг а догIуш ду", - яздина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIонехь, ГаланчIожан-кIоштахь хилла белхан цхьанакхетарх лаьцна дуьйцуш.

Лахьан-беттан 11-чохь Нохчийчоьнан Iедалхоша болийра, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозана юккъехула охьадогIучу хин бердаш чIагIдеш белхаш. ЦIеххьана болийначу белхаша хеттарш хIиттийра, ГIалгIайчоьнан бахархой эргIад а бохуьйтуш.
ШолгIачу дийнахь Сунжа-кIоштахь гулам дIабаьхьира бахархоша.

"Еза техника тIе а озийна, ГIалгIайчоьнан Iедалхошка аьлла хIума а доцуш, белхаш болийна хилар тIечIагIделла. Хин харш хуьйцуш къепе йохийна хилар а билгалдаьккхина. Бакъо йоцург лелош хилла, "Чеченавтодор" компанин езачу техникаца пайда а оьцуш", - яздина ГIалгIайчоьнан Iаламан ресурсийн министро Евлоев Мохьмада инстаграмехь.

Цо тIетоьхна иштта, оцу гIуллакхна тIехула Оьрсийчоьнан президентан администраци а, Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу президентан векале а, Росприроднадзоре а, Оьрсийчоьнан Iаламан ресурсийн министре а кехаташ дахьийтина хиларх.

Оцу ситуацина тIехула белхан цхьаьнакхетар хилира ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштан а, Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштан а куьйгалхойн - Дзейтов Мохьмада а, Исмаилов Исмаила а. Исмаиловс тешийна, бердан йистера некъана дуьхьало еш, бетон юттуш белхаш "Чеченавтодоран" "хууш боцучу белхалоша" дIабаьхьна хилар. Иштта нисделла боху цо, хин харш хийцар а. Гергарчу хенахь шен хиллачу хорша юхадерзор долуш ду хи, цхьана а кепара дозанашца хийцамаш бар хьехийна а дац, хаамбина Сунжа-кIоштан администрацин инстаграмерчу аккаунто.

Жоп луш Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада видео дIаязйина, нохчийн Iедалхоша "цкъа а, цхьаннан а территори тIехь белхаш бина бац, вайна дика хууш ду, хIун хьенан долахь ю" аьлла.

Луларчу мехкан Iедалхоша хаийта дезаш дара гIалгIайн агIоне, шаьш белхаш дIабахьа лерина хиларх аьлла, дIахьедина гIалгIайн "Гражданская инициатива" партин лидеро Хазбиев Мохьмада.

"Нагахь санна, бердаш чIагIдархьама хин харш хийца хьийзаш шу делахь, хаийтийша лулахошка, хаттийша лулахошка. Цара шуна дуьхьало йийр яра аьлла, ца хета суна. Амма къайлах, дIахьедина а доцуш деш хилча, провокаци ю бен олийла дац. Цо кхерам теснера кегийрхошна. Оцу меттиге Сунжа-кIоштан куьйгалхо а, Iаламан ресурсийн министр Евлоев Мохьмад а кхаьчча къаьстира хьолах дерг, кхетийра дечух, хаттарх йист яьккхира", - аьлла Хазбиевс.

Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.

Карарчу хенахь Ессентукехь дIайоьдуш ю гIалгIайн протестийн ворхI лидерна тIехь кхел. Царнабехкедиллина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхар. Набахтехь яккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш ехна царна прокуратуро.

Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG