ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера депортаци йина хилла Нохчийчуьра вахархо кхелхина. Гергарчара дIахьедо цунна дIовш делла хилар


Гайтаман сурт

Францера депортаци йина, тIаьхьо Оьрсийчохь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо Мурадов Дауд кхелхина. Гергарчарна хетарехь, цунна дIовш делла хилла, хаамбо нохчийн Европерчу Ассамблеяс. Цкъачунна хилларг ма-дарра хууш дац, Оьрсийчоьнан нуьцкъаллин структураша жимачу стеган кхалхарх лаьцна комментарий ца йина.

“Мурадовн 19 шо дара. Дахначу шеран аьхка цунна Оьрсийчу депортаци йира. Цига дIакхаьчначул тIаьхьа чувоьллира иза. Тхо Мурадовн гергарчаьрца зIенехь ду. Церан берриг доьзало Францехь политикан мухIажирийн статус ехна, амма хIинца а иза царна ца елла. Церан кхин а цхьа кIант ву. Воккхахверг дIахьажийначул тIаьхьа берриг доьзал Францера дIабахана иза депортацех ларвархьама" - аьлла Кавказ.Реалиига Европерчу нохчийн Ассамблеехь.

Организаци дагахь ю Францин миграцин сервисе кехаташкахь дIаяздайта Мурадов Даудан нуьцкъаха валар, иза Европера дIахьажийна дукха хан ялале.

“Францехь а, кхечу Европан мехкашкахь шайна маьрша дахар лоьхучу нохчийн сабIарздалар кхуьуш догIу, бевзаш болчу нахбойъучеран кара шаьш дIалуш хиларна, доккхачу декъанна Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министран омраца. Оха доьху Францига и эрчо сацор а, адамийн бакъонаш ларъярна тIе юхадерзар а", - яздо бакъоларъярхоша шайн фейсбукехь.

  • Стохка Товбецан-баттахь нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналехь яздира Мурадов шен доьзалца Францехь нисвеллера шен 15 шо долуш. Цуьнан 18 шо кхаьчначул тIаьхьа меттигерчу полицино лецира иза, тIаьхьо дIавелира Оьрсийчоьнан кара. 1ADAT-ан хаамца, иза низамца йогIуш йоцу экстрадици яра.
  • Оьрсийчохь Мурадов ФСБ-н белхалоша лаца а лаьцна Москварчу СИЗО-2 Лефортово чувоьллира. Депортаци йина Нохчийчуьра вахархо терроризмехула йолчу Iедалан къепана тIехула бехкевира. Бакъоларъярхоша тIечIагIдира, Мурадовга тIехь Iазап латторца бехк тIе лацийтина.
  • Францера депортаци йина Гадаев Мохьмад стохкалерачу аьхка Нохчийчохь чувоьллира. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG