ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францерчу нохчийн мухIажаршна депорт йарехула бинчу кхайкхаме хьоьвсина ООН-н комитетехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центран юристаша, волонтераша дакъалаьцна кехат хIоттош.

Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика юкъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 2015-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.

Иштта доккха дакъа лаьцна оцу гIуллакхехь 2017-чу шарахь "Республикийн принципаш чIагIйаран низам" тIелацаро а – цо бакъо ло чоьхьарчу гIуллакхийн министрана пачхьалкхан кхерамазаллина а, юкъараллин къепенна а кхераме болу нах тергонехь латто а, иштта кхераме хила тарлуш йолуш йолу зIенаш, юкъаметтигаш хедо а. Амма "кхерам" а, "зуламе зIенаш" а бохучу дешнийн маьIна далош дац, и полицин барамаш къовса аьтто а бац.

Масала, шеконе лаца мега салам луш куьг кховдор, шайн тайпанарчу стагна деш долу рогIера а, материалан а гIо, иштта кхин а – оцу кепара фактех мухIажаран статусах ваккхаран досьешкахь материалаш хуьлура.

Кехатехь билгалдоккху, 2015 шо дIадаьлча нохчашна хьокъехь конфиденциалан досьеш хIитто дуьйлира Iедал, церан чулацам бовза аьтто ца лора шайна дуьхьал и таллам болийначарна. Ишттачу досьешкахь баьржина хаамаш хуьлура, масала, "радикалан исламистийн зIенашкахь" "жигара дакъалацарх", йа бакъйоцу информации хуьлура.

ТIаьххьарчу шерашкахь Францино иттанаш нохчийн мухIажарна депорташ йина, царлахь бу Нохчийчоь йозуш цахилийта къийсам латтийнарш, йа Кадыров Рамзанан ражах зен хилларш а, Оьрсийчохь цаьргахь лаьтта кхерам тидаме ца оьцуш йо депорташ.

Жимачу къомара болчу нехан кхерамазалла ларйар, терроризмаца кхийсам латточу юкъанна этническан битамаш тергал ца бар, иштта административан барамаш тIех сов лелорна жоьпалле озоран орган кхоллар а Францина хьеха аьлла кхайкхам бира бакъонашларйархоша ООН-е. ПАСЕ-н резолюцехь оьрсийн раж террорхойн ларар а, Европан Кхеташона юкъара Оьрсийчоь дIайаккхар а тидаме а оьцуш, Францина дагадаийтар хьехна цара, дуьненаюкъарчу бакъоно ца магадо, къизаллехь, сийсазаллехь латто кхерам болчу пачхьалкхашка мухIажарш дIахьежор.

  • Политикан тховкIело йоьхуш хиллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Францин Iедалхоша дIакхачийнера Оьрсийчоьнан официалан органашка. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза девзаш доцчу бахьанашца, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. 19 шо дара цуьнан лечу хенахь.
  • Нохчийчуьрчу низамлардаран хьукматашкахь ницкъбарх лаьна долчу гIуллакхехула теш хилла волу Гадаев Мохьмад Оьрсийчу хьажийра, тховкIело йаларан хеттаршкахула йолчу Францин Къоман кхело дуьхьало йинашехь. ТIаккха нохчийчуьрчу полицино лачкъийра иза, герз лелийна аьлла харц бух тIехь кхоьллинчу гIуллакхехула лаьцна латтийра, цул тIаьхьа, нийсонца йоцу кхел а йина, 18 бутт шогачу рожан колонехь баккха хан туьйхира.
  • Шен берриг доьзалца мухIажиран статус елира Ойсаев Джахарна цуьнан 7 шо долуш иза Франци ма-кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 22 шо долчу нохчочунна Ойсаев Джахарна депортаци йар сацийна кхело.
  • Нохчийчуьрчу шина мухIажаро францхойн Iедало царна Оьрсийчу депорт йар тIедожийча бинчу латкъамна хьокъехь сацамбира кху шеран гезгмашин-баттахь Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело. Шиннан а хьокъехь адамийн бакъонехула йолчу Европан Конвенцин 3-чу артиклан низам хадийна хилар билгалдаьккхира кхело – цо ца магадо Iазап латтор, къизалла, сийсазалла стагана тIехь лелор, - и кхерам лаьтта цаьргахь депорт йича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG