ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но махбархойн дашо хIуманаш дIаяьхьна Несарахь


ГIалгIайчоь, Несара. Базар.
ГIалгIайчоь, Несара. Базар.

Даханчу кIиранахь гIалгIайн махкахь Несарахь леррина операци дIаяхьнера меттигерчу ФСБ-н белхахоша. ТIемалой бацара лоьцуш, детташ герз а дацара. ГIалин юккъехь йолчу «Фабрика» олучу базарахь а, цхьана махбаран центрехь а деший духкучу меттигашкахь талламаш бира цара. Улле цхьа а стаг ца воуьйтуш, шина а меттехь мел йолу дешин хIума лаххьйина дIаяхьна цара.

Цхьана а кепара дIа а ца язйина, уьш озар бен. И хIума хилла аьлла шайна ма хезнехь цига кхаьчнера «Мемориалан» Несар-гIалара декъан белхахой. Акиев Тимура дийцира Маршо радиога оцу операцех а, иза шаьш а наха а муха туьду а.

Акиев: Акиев: «Тхуна а иза хиллийла Интернет чуьра хиъна. Тхоьга арз деш цхьа а ца веъна. Тхуна иштта хиира и талламаш базарахь йолчу махбаран шина центрехь бина аьлла. Тхо цига дахнера и хIума низамца догIуш дина я ца дина хьовса. Тхо дIа ма кхаьчнехь йохкархой арз деш бара баьхкинарш дера а, кIоршаме бара аьлла.

Динарг дукхачу декъана талорах тера дара бохура цара. Дукхачеран хIума уьш шаьш тIехь а боцуш дIаяхьнера. Уьш бинчу гонна юкъахь хилла тIекхача йиш йоцуш. Ша дериг дIа а дирзина цига тIебахча хиъна царна шайн хIума дIаяхьнийла».

Деши духкучу шайна дина тIелатар хIун бахьанца дина кхоччуш хууш бац гIалгIай. Цхьацца хаамаш бу Москохахь ювелиран туька яхьана дукха хан йоцуш, цу чуьра дешийн хIума ГIалгIайн махкарчу базаршка кхаьчнийла хьожуш хилла бохуш. Амма туьтмIаьжгеш йоьхначу низамхоша ца аьлла нахе иза, элира бакъонашларъярхочо Акиевс.

Акиев: «Хууш дац хIунда бина и таллам цигахь. Йохкархоша боху, Москохахь долийначу цхьана гIуллакх бахьнехь дина иза. Хьа мел яьккхина деши хIума оцу гIуллакхан юкъайоьдуш ю, цундела и гIуллакх дIахьочу талламхочуьнан пурбанций бен йиша яц уьш юхаерзо».

Деший духкучу дукха нахана зенаш хилла и таллам туьканашкахь дIабаьхьанчул тIаьхьа. Амма тахана а цхьанна а йохкархочо а, долахочо а арз ца дина я шайга а, я Iедалан хьукматашка а, бохуш кхин дIа а дуьйцу Акиевс.

Акиев: «Зе хилла болу йохкархой хIуманах цакхеташ бисина. Шаьш хIун дан деза а ца хаьа царна. Цундела уьш кхоьру цхьанахь а арз дан. ХIокху кIирнахь цхьаммо а ца дина иза».

Кхиъ тамашийна дерг ду, ФСБ-н белхахоша динчу тIелатарх хIокху кIирнахь цхьанна а тайпан хаамийн гIирсашкахь а, я Iедалан хьукматашкахь а хаам бина ца хилар. ХIинц-хIинца къаьстина шайна Сурхоти олучу юьртахь а оццу дийнахь 40 сов хIусамехь а иштта талламаш низамхоша бина хилар, аьлла дийцира «Мемориалан» Несар-гIалара декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев: «Суна гина бац цхьаннахь официалан хаамаш хиллачуьнах лаьцна. Суна коьртачу догIург цхьаъ ду: 2 шо хьалха Iай иштта лерина операци йира Москохара баьхкинчу ФСБ-н белхахоша оццу Сурхотехь БелхароевгIеран хIусамашкахь. ХIета царах цхьанна хьокъехь дIабаьхьара и талламаш. ХIинца а оццу БелхароевгIеран доьзалехь дIабаьхьнера и таллам».

ГIалгIай, деший таханлерачу Оьрсийчохь цхьанаийна хIума ду. Магадан кIоштехь, деший доккхучу меттигехь дукха бу уьш. Хийла стаг царах лаьцна новкъахь цIавогIуш, шеца иттанашкахь кила деши а долуш. Тахана гIара ца даккхахь а цуьнах доьзна хила мега низамхоша цигахь йина операци а, наха шайна цара йинчу гIелонех арз ца дар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG