ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гена ца девлла ГУЛАГ-ан аьзнаш. Нальчикна тIелатарна хан текхнарг – набахтерчу 16 шарах


Ахкубеков Азамата 16 шо даьккхина набахтехь. ГIуран-беттан юьххьехь цIавеъна иза Якутерчу колонера шен даймахка – ГIебарта-Балкхаройчу. Талламо а, цул тIаьхьа кхело а бехкевира иза а, кхин 57 стаг а Нальчикна 2005 шеран ГIадужу-беттан 13-чохь тIелатарна.

ХIетахь, официалан версица, масех герзахойн тоба, 250 стаг хир волуш, тIелетира Нальчикерчу администрацин а, Iедалан а хьукматашна. Дийнахь-буса лаьттира тIематдаларш. Вийра 35 Iедалан ницкъийн структурера белхахо а, 15 маьрша вахархо а. 200 гергга бара лазийнарш.

ТIелеттачех велира 95. 58 кхачийра кхеле. Царех дукхахболучара дареш дира, амма бакъонашларъярхой тешна бу уьш цаьргара ницкъаша даьхна хиларх. Цул сов, цхьамогIа нах шайна дуьхьалбаьккхина бехк ледара бух а болуш хьовсийра кхеле, бохура журналисташа а, бакъонашларъярхоша а.

Ахкубеков Азамат
Ахкубеков Азамат

Ахкубековс ша бехке вац, боху. Оцу дийнахь иза, цо дийцарехь, шена вевзаш волу Султанов Зейтун ган, цуьнца Хасанья-юьртаь хила езачу митингах лаьцна къамел дан ваха араваьллера. Юьртахошца цхьаьна шайн Хасанья Нальчиках дIатохар протесте даккха дагахь бара уьш. Амма хIара шиъ вовшахкхета везачу меттехь герзашца нах бара республикан коьртачу шахьара баха арабевлла, гулбеллачаьргацо кехат кховдийра, яз а дина, цу тIехь бохура, амире Султановга ладугIуш хила. Ахкубеков тIематасадаларш дуьйлалучу сахьтехь къайлавелира, Iийра уьш дерззалц цхьана шайн гергарчу нехан хIусамехь.

Цхьа хан яьлча иза полице вахара, ша тIелатаршкахь дакъалаьцна войцийла хаийта. Цо дийцарехь, цунна йиттира, гIело йира тоькаца. Ахкубековс куьг яздира бехк тIеоьцуш, амма тIаьхьо юхавелира ша динчу дарех. Талламан изоляторехь итт шо гергга даьккхирацо, тIаккха –Якуте, набахте, цигахь цо дуккха аьрзнаш яздира шен бакъонаш хьоьшуш хиларх лаьцна а, хьелашна леткъаш а. Протестан мацалла а дIаяьхьира цо дукха, масала, шегара хIуманаш дIахарца доьзна а.

Ша муха лаьттина системина дуьхьал – Оьрсийчоьнан кхелашна, талламна, Федералан таIзар кхочушдарн урхаллина, муха хьийсийра Европерчу адамийн бакъонаш Iалашъечу кхеле аьрзнаш, стенна вогу шен кханенах, Ахкубеков Азамата дийцира Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь.

– 2000-гIа шераш дуьйлалуш Къилбаседа Кавказера, цхьана декъанна ГIебарта-Балкхаройчуьра а, хаамаш баьржара, теракт йина я ян гIоьртина, олий. ХIетахь муха латтабора террористашца къовсам?

– Милицина даккхий ахчанаш лора оперативан болх дIабахьа, терроризмца а, экстремизмца а къийса. Iедалнах а бара хьийзош. Вахьабхой бара Iедална гIенах гурш а, массанхьа а карабора уьш. Ткъа кхелехь милцоша бакъ ца дора шаьш хьаькамаша динлелочарна гIело ян декхаредо бохург, оцу хьокъехь документаш шайна ца дайна олура.

Ала деза, маьждиг мичахь ду хууш боцурш а хуьлура вахьабхойн тептаршка язбина, къаьркъа муьйлурш а, иза эца нахера сагIа доьхуш хьийзарш а бохура оццу декъе. Суна хетарехь, ницкъхоша шайна луш долу ахча иштта бечу балхаца такха дезаш дара, нах бух боцуш лоьцура. Бехкене юьллура терроризм, талламо шеггара кхуллура бехкаш, ницкъаша дойтура дареш. Оцу хьоланна тIекхетара къаьмнийн юкъаметтигаш ийгIина латтар а. Сан къам – балкхарой – жиманиг ду республикехь, тхуна тхаьш декъаза хета.

Цигаьрка ца узург, къаьркъа ца молург, оьздда вехарг вара цхьацца бехкашна бухаийзош

Балкхарой махках баьхна Сталинан заманахь, Юккърчу Азе хьовсийна, ткъа юхабаьхкича, тхан латтанаш кхечара далецна лаьтташ хилла. ТIаьхьо буьйр арадаьккхина Нальчикна гонахара ярташ цунах дIатоха магош – шахьарх дIайоьзна Белая Речка, Хасанья, Маьрша Эвл. Ткъа тхуна маршо езара, тхеша дан лаьара тхайн яртийн дола. Халкъ реза дацара цундела, гуламаш лаьттара ярташкахь.

Хасанья маьршаяккха гIиртина юьртда Зокаев Ахьмад вийра 2005 шарахь.

Оццу шарахь тхан юьрто кехат дахьийтира Путине. Арздира юьртара дин лелош болу кегийнах хьийзабо, аьлла. Инзаре хьал дара лаьтташ: цигаьрка цаузург, къаьркъа цамолург, оьздда вехарг вара цхьацца бехкашна бухаийзош.

Президентан резиденцера кехат деара, амма ца деара иза тхоьга, мехкан динан урхалле деара, цигара жоп хьажийра, дерриг а дика ду, проблемаш яц, аьлла.

– Доцца дийцича, ахь муха мах хадабо 2005 шарахь, ГIадужу-беттан 13-чохь хиллачу бохаман?

– Иза Iедалерчу ницкъхоша ечу гIелонна дуьхьал гIаттам бара. Кхелехь иза кхечу верси тIе даьккхира – ГIебарта-Балкхаройчоь Оьрсийчоьнах дIахадо гIиртина, аьлла. Амма иза Iовдал хабар дара. Муха бакхало шана бIе стаге мохк Оьрсийчоьнан долара? Прокуратура, Iедалан цIа, аэропорт дIалаца гIиртина, бохура. Туьйранаш ду уьш. Со суо вахара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIе.

– Оццу дийнаххьий?

– Оццу дийнахь вахана хиллехь, со вуьйр вара циггахь. Ши бутт гергга хан ялийтира ас. Суна хаийтира сайна дуьхьал цхьаммо а мотт бина боцийла, лецначара со гIаттамехь хилла вац бехира. Уггаре дукха сайга низамаша доьхур долу жоп муьлха ду а хаьара суна – низамехь а доцуш, цIахь герз латтор.

Хьуна хаьий герз лело?

– Кавказехь сан хенарчу наханна юкъахь хир вац герз ца девзаш стаг. Герз карахь кхиина дукхахберш. Сайн 15-16 шо долуш Iаьмна со герз кхосса. Амма адамашна дуьхьал ас иза цкъа а ца лелийна.

Соьга кхин а ши стаг бехка кIел хьо, аьшпаш кхолла, бохура, юьртда вийна алар а тIедожийра

13-гIачу дийнахь лелларг толлуш, со ллехна Iедалхоша, официалехь лаца ца кхайкхийнехь а. Со цIераваьлла лелла а вац оцу хенахь. Бакъду, сов арахула-м ца лелла. ГIура-беттан 9-чохь с лулахочуьнца цхьаьна вахара милице, цигарчу талламан декъан кьуйгалхочо деллачу дашах а тешна. Цо ша грант ву аьллера тхойшинна зен ца хилийта. Амма тхойшиъ эццахь лецира, Чегемерчу изоляторе кхачийра, шолгIачу дийнахь Нальчике вигира, изоляторе. Талламан изоляторе кхоччушехь етта. ГIелонаш ян йолийра. Соьга кхин а ши стаг бехка кIел хьо, аьшпаш кхолла, бохура. Айса администрацин куьйгалхо вийна алар а тIедожийра суна. Амма суна еттарх гIуллакх ца хилира церан.

– ТIаккха буьйлира то етта?

– ХIаъ. Эскархойн тиша телефон яра цаьргахь. Советан заманахь тIеман штабашкахь лаьттара иштанаш. ТIам хьовзийча, ток йоккху цо. Иза еттара. Цунах "Путине горгали тохар" олура.

Иза дара уггаре а инзарениг. Со шозза велира иза еттачу хенахь тиларчуьра. Багахь дийцалур дац оцу телефоно дийриг. Оцу хьелашкахь ас шина стагна тIе доцург кхоьллира. Ницкъхойн бала а бацара ас гIаттаман дийнахь лелийначуьнца.

Тхуна ток йиттинчу декъерчу белхахоша кхелехь харцдира шайгахь и аппарат хилар. Амма соьца цхьана лаьцна латточуьнга бартхоттуш яьккхина видео яра кхелехь. Цу чохь гуш яра цхьаьннан сейыа тIехь лаьтта и телефон. Оперативан белхахошка хеттарш дира, ткъа цара ца делира кхоччуш жоп, ца дийцира, стеннна лечкъадо шаьш и телфонаш лелош хилар. ТIаккха кхелахочо а, прокурора сацадайтира видеога хьажар, кIелхьарбехира шайн коллегаш.

– Психиканна тIеIаткъам борий?

– Со даиа а букархIоттийна лоьлуьйтура, корта охьа а таIийна, гIодаюкъал лакхабаккха йиш яцара. Набахтин белхахоша сийсазвора. Садетта дийзира.

– Хьо "ТIеман гIаттамехь" дакъалацарна, "Бандиталла лелорна", "Теракт ярна", "Iедалан низамхошна тIе куьг дахьарна", "Герз лачкъорна я дIадаккхрна" бехкевира, ахь вийна я лазийна цхьа а воццушехь. Муха яра хьо бехкевечийн позици?

– Со зуламаш дарх сайн лаамехь юха ца ваьлла, деккъа дIа ца кхиина тIелата, карахь герз хиллехь а, буьйр сайна даре хьоьжуш Iийна аьлла дерзийра. Амма соьца хиллачу масех стага шайна некъан инспекцина тIелата аьлла, ткъа тхо юхадевлира, бохура. ГIуллакхан материалашкахь тоьшалла ду и омра дина хиларан хьокъехь. Тхо зулам дарх тхайн лаамехь юхадевлла бохург ду – Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 32-гIа артикл. Талламо а, кхло а низам дохийна со бехкеварца а, хан тохарца а.

– Ахь кхочушданза дисина омра динарг мила вара?

– Тхан амир, Султанов Зейтун. Цхьана заманахь ГIебарта-Балкхаройчохь тоьлла иччархо а, некъан инспекцин белхахо а Iийна иза. Къона волуш цунах масал оьцура, милицин школа лаккхарчу хааршца, цIечу дипломца чекхъяккина цо. Исламо магош дацаре терра, кхаьънаш ца эцархьама а, ца балархьама а дIаваьллера иза милицера. Бусалбанаш хьийзош а гина, Iедална дуьхьалвелира иза. 2000-гIа шераш дуьйлалуш Хасаньяхь коьрта амир вара иза.

– Бакъоларъярхойх мила вара хьоьгахьа?

Бакъонашларъярхойн "Мемориал" центр (Оьрсийоьчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара яьккхина "Мемориал", ткъа иза цуьнца реза яц. – Ред.) дIаделира адвокатах ахча. Делахь а адвокате дукха накъосталла ца данделира – хиндерг хьалххе къастийна дара. Цу тIе, терроризм бахьанехь лецначаьргара дIаяьккхина бехккъасторхошкахула дов лийтийта бакъо.

Соьца йолу конфликт суна 10 эзар евро даларца ерзор хьехна Оьрсийчоьнна Европерчу оцу кхело

Суна хетарехь, тхан бахьана а дара цуьнан. Бехккъастораш бара хоржуш тхан кхеле хьовсо, амма, Конституци а талхош, тхоьгара и бакъо дIаийцира. ТIаьхьо "Бакъонийн инициатива" проекто гIодира суна дов Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачо, гIодеш схьайогIу хIинца а.

Билгалдаккхар:


Оьрсийчохь 2008 шарахь хийцина терроризманна дуьхьалояран низамаш, дихкина кхелашкахула чекхдуьйлу терроризмах долчу девнашка бехккъасторхой озор. Кхаа кхелахочух лаьттачу коллегино бен луьстийла дац и тайпа девнаш. Оцу бахьаница Конституцин кхело юхатеттира бехкебечара шайна бехккъасторхойн кхел хуьлийла лаьа аьлла дина аьрзнаш.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дов листина дац хIинца а. ТIедогIучу шарахь иза хиларе сатуьйсу набахтехь бохкучара а, хан текхна, арабевллачара а. Девнан цIе ю "Ахкубеков а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал". Гулдина ткъех аьрзнаш, наха бехкедо Iедал Iазапца дареш дахарна а, харц кхел ярна а.

Ас арздира Якутерчу набахтера хьелаш низамца догIуш дацар далхош. Соьца йолу конфликт суна 10 эзар евро даларца ерзор хьехна Оьрсийчоьнна Европерчу оцу кхело. Амма со реза ца хилла ахча схьаэца – суна лаьа сайн ерриг а аргументаш таллийта, сайна тIехь Iазап латтор а, со низамца догIуш доцчу хьелашкахь кхабар а.

– Набахтехь хьоьгара ламазан куз дIабаьккхинера. Стенна?

– Соьгара Якутехула набахтийн урхаллин буьйранча волучо ламазна бухтосург а, пес а, ораматийн даьтта а, шура а, чай а дIадаьккхира. ХIинца цо даре ца до ша со волчу кхаьчна хиларх а. Цл хьалха, 2018-чу шарахь перативан белхахочо а лачкъийра сан ламазан куз. Низамехь бакъо ю сан иза лелон.

Лаьа таллийта, сайна тIехь Iазап латтор а, со низамца догIуш доцчу хьелашкахь кхабар а

Хетарехь, хьаькамо суна бекхам беш дIабаьхьира куз, ас Президентан гонерчу адамийн бакъонийн кхеташоне сайн хьокъехь, со чохь латточу таIзаран чоьнехь (ШИЗО) боьха хиларх лаьцна арз дахьийтарна. Мукхадехкий дара цучухула уьдуш. Арз Якуте юхакхаьчнера. Ца тайнера иза набахтийн хьаькамна – цо со мукъаваллалц ШИЗО-хь кхаба аьллера.

– Хьо набахтехь сов стенна латтийра, кIира сов?

– Владивостокера ИссалгIачу кассацин кхелера документаш схьакхачанза ду бохура. Сан цIийннанас массанхьа телефонаш йиттира – Якутерчунабахтин урхалле, прокуратуре - цхьа жоп дара цаьргара хезаш.

– I6 шо набахтехь текхна цавеъна хьо. Муха ду хьоьгара хьал?

– Хан оьшу вола. Шина денна а висиний хьо петар чохь цхьаъ? Хала дарий? Ас 6 шо даьккхина иштта, набатин хеьлашкахь? Стаг меттавалош вац набахтино, къизалла яллош меттиг ю иза. Гена ца девлла ГУЛАГ-ан аьзнаш, хезаш ду. Цига кхаьчча дерригенах а волу хьо. Ур-атталла болх а ца ло. ДIаIа набахтин чоьнехь. Хьох цхьа саьрмик бо. Аьр вай, бакъо ю тутмакхан туькана ваха. Амма ца вуьгу иза цига, прайс йоуьйту, харжа, олий. Ткъа хадечара къастадо. ХIун мега-ца мега хьуна эца. Стаг искритигна бечу эшамашца долаверзаво.

Марта дойтура хударца, ас и тайпа худар сайн бежанашна ца лора. Делкъе а соьга ца ялора динца доьзна – белла етта беана я хьакха, хьуна стенгара хаьа? Сарахь картол лора. Иза яа торура. Дийнахь кхузза бепиг лора. Азлора дера, гIора дIадолура, хIун дер тIаккха.

Набахтехь Iийна хиларе терра, хаьа, террорна бехкевина хиллачунна атта дац болх карон

Iаткъамаш бой, охьатаIаво таг. Боккхачу тIамца йохура библиотекера книгаш а. Деша а ца вуьтура. Оха массо а хIума йоьшура, каракхаьчнарг. Шира, Советан заманара мухIарш тIехь долуш яра книгаш. Ас тIаьххьара ешнарг Толстойн "ТIом а, машар а" яра, хьалхара дакъа. ШолгIаниг ца дешна.

– ХIинца хIун лелон дагахь ву хьо?

– Набахте кхачале юьртахь ваьхна со, дечиган пхьалгIахь, бераш кхиийна, цIахь белхаш бина, маьждиге лелла.

Бераш даккхий хилла. Цкъачунна твола хьожур ву со. ТIаккха цIахь-чохь дерг дийр ду, куьг Iотта дезаш бу бахам, даьхний лелор ду, ваха гIортар ву. Маршонехь а дац лела атта, шозлагIа таIзар дахь, административан тергаме кхачор ву бархI шарна. ХIора кIиранах гучувала вез шву со полицехь. Сарахь итт даьлча, Iуьйранна ялх даллалц аравала магош дац. Нальчикера дIасавала а ца мега суна.

Набахтехь Iийна хиларе терра, хаьа, террорна бехкевина хиллачунна атта дац болх карон. Машенна кхерамзаллин раже язъян а бакъо яц – къаьстина дечу къамелехь, 205-гIачу артиклца чохьваьлинчунна и бакъо кхачор дихкина, олу.

ГIурт бу. Европан кхелехь хьо тоьллехь, Оьрсийчоь хьуна компенсаци яла декхаре хуьлу, амма хьуа банко некъ ца ло ахча тIеэца, йоьллуш яц и таро, боху, терроризм бахьанехь набахти текхначунна. Массанхьа а «хIан-хIа» лела. Кхечу пачхьалкхе ваха а бакъо яц – арахьара паспорт ца ло.

– Цхьа кхерам-м ца лаьтта хьуна тIехь?

– Лаьтта. Суо вен мега аьлла хета суна. Цхьаъ вийна ницкъхоша, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле ваьллера иза – Хупсергенов Хьасанби. Стохка аьхка оцу кхее делла арз юхаэца аьлла цуьнга Iедалхоша. Кехат а хилла цара оцу хьокъехь кечдина, куьг яздичхьана долуш. Иза реза ца хилла, тIаккха вийна.

***

"Бакъонийн инициатива" проектан адвоката Мацев Рустама комментари елира Кавказ.Реалиина Ахкубеков Азамата Европерчу кхеле деллачу орзах хуьлуш долчух лаьцна.

"Кхелан сацамна герга кхаьчна гIуллакх. Хеттаршна жопаш луш, Iедале хьийсош долу кехаташ тергалдеш Iа тхо. Оьрсийчоьно харцдо Ахкубековна тIехь Iазап латтийна бохург, дегIа тIехь ларш йитина хилар а дац тидаме оьцуш", – элира Мацевс.

2019 шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело декхаре йиллина агIонашна машарца къовсам берзоран кеп.

"Кхело гаранти ло агIонашка машаран хьелаш тIеэцийта. Иштта хилла барт къайленехь кхобу. Цхьана агIоно ца къадийна машарца дов дерзийта лаам. Оьрсийчоь декхаре хуьлу компенсаци яла, ша низам дохорна къера хилахь. Декхаре хуьлу Iазап латтор талла а, кхел нийса цаярх ша динчу даренах а жоп дала, - боху Мацевс.

Цо дийцарехь, Ткъа Оьрсийчоьнан Iедало хаам хьажийна Европран адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле, "массо а агIор теллина, Iазап латтор бкъ ца карийна, чевнаш маца, муьлхачу бахьанашца йина ю гучу ца даьлла", аьлла.

Амма Iедало ца теллина арздиначийн верси. Ца гIаттийна Iазапан хьокъехь бехктакхаман гIуллакх. Аьрзнаш динчарна массарна а борхIазза юхатеттина кхелаша дехарш листар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG