ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лопотахь хилларг талла дагахь бу гуьржий


Гуьржийоь -- Лапанкури эвлан йистехь хиллачу операцехь дакъалоцуш дара тIеман беркеманаш, 29Марс2012
Гуьржийоь -- Лапанкури эвлан йистехь хиллачу операцехь дакъалоцуш дара тIеман беркеманаш, 29Марс2012

Нохччийн кегийрахой а бойуш, Лопота-чIожехь хилларг талла аьлла, кхайкхам бина Гуьржийчоьнан парламенте гуьржийн халкъан коьрта бакъонашларъярхочо Нануашвили Учас. Омбудсменна хетарехь, бакъдерг къасто кхолла еза леррина комисси. Нануашвилина дийцарехь, цигахь динарг зулам хилар гучудала мегаш ду.

ДIадаханчу 2012-чу шарахь Марсхьокху-баттахь хилларг ду Нануашвили Учас хьехош дерг. Цу беттан 29-чу дийнахь гуьржийн-оьрсийн дозанехь шаьш дIахьош йоллачу операцех Рустави-2 телеканале дийцира Гуьржийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретаро Бокерия Гигас.

Гуьржийчоьнан территори тIе герзаца тоба а яьлла, закъалтхой лийцина аьлла, элира цо. Бокерияс дийцарехь, цара Iадалийн карадуьйла аьлла хилла цу нахе. Амма вукхара герзаца дуьхьало йина. ТIаккха йолийна полицино тIеман операци.

Цу хеннахь Оьрсийчоьнан агIоно дIахьедар дира шайн доза хадийна меттиг бац аьлла. Шалхонаш дукха а яра цу хиламехь. ТIаьхьо сурташ даьржира, цигахь даьхна долу. Царах цхьадолчерна тIехь бара, бийшина боллушех тIе герзаш а диттина байина болу тIеман барзакъ дуьйхина нах.

Эххаре хиинарг дара байинарш коьртачу декъана нохчийн къомах болу кегийрахой хилар. Царна тешнабехк бина бохуш чIагIдора Гуьржийчурча ПIаьнгаз-чIожехь бехачу вайнаха.

ТIаьхьо, Гуьржийчохь Iедал хийцаделча, дуккха а керла хIуманаш гучудевлира цу хиламехь. Иштта Гуьржийчохь вехачу нохчийн юкъараллан жигархочо Кавказерчу къаьмнийн интеграцин фондан куьйгалхочо Идигов Iумара цхьамогIа интервьюш елира Гуьржийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а зорбанан гIирсашна хилларг дуьйцуш.

Маршо Радионе а дийцира цо хиллачух лаьцна а, шен шеконех лаьцна а.
Идиговс дийцарехь, нохчийн кегийрахой Оьрсийчоьнан доза хадо дагахь хилла, меттигерчу ницкъаллин структурийн векалша гIо а деш, амма иза тешна бехк хилла царна кечбина.

Идигов Iумара дийцарехь, Европерчу пачхьалкхашкахь беха нохчий зIене бевлла хилла цуьнца, гуьржийн Iедалша герз а ло, Нохчийчу баха гIо а до аьлла хезна.

Идигов Iумар: «Харжамаш хилале хьалха соьга Австрера телефон тоьхнера ... цIеран цIераш яха ца лаьа суна... хьалха бевллачу нохчех цхьаммо, гуьржийн Iедалша Нохчийчу коридор ло бах, хьуна хIун хета цунах аьлла. Аса элира диц ма де гуьржийн парламенте цхьа ши бутт баьлча харжамаш хила безаш хилар, аьлла.

Кхин цхьа хIума а дицмаде, элира аса. 2002-чу шарахь хьалха гуьржийн хиллачу президенто Гелаевга, Абхазе ца водахь, и мохк схьабоккхуш гIо ца дахь шаьш хIаллак хир долуш ду аьлла, Абхазе вигира Хьамзат. Цигахь вайн II-I2 кIант вийра. Иза политикан пиар яра. Иза санна пиар ю хIара а элира аса, сайга телефон тоьхначуьнга».

Амма ша варе беш хилла цхьаболу кегийрахой Iехо аьтто баьлла гуьржийн ницкъаллийн структурийн векалийн бохуш, кхин дIа а дуьйцу Идиговс.

Идигов Iумар: «Оцу шина дийнахь цара I2 «Апачи» беркема а гIаттийна, шаьш коридор ло аьлла, чу а бахийтина и 20-х кIант вийра. Царах дукхах берш кхузара меттигера нохчий бу. Чу а бахийтина, тешна бехк а бина, гул а бина, герз охьадилла аьлла, 2 эзар эскархо дуьхьал а ваьккхина, го а бина, цара уьш хIаллак бина».

Операци дIахьош лаьцна стаг а вара гуьржаша. Иза вара Австрехь политикан тховкъело карийна волу жима стаг Чатаев Ахьмад. И стаг кхеле озийнера Iедалша, зуламхо ву аьлла. Амма Iедал хийцаделча Чатаев дIахтийцира, бехк а ца карийна.

Идигов Iумара дийцарехь, Чатаев Ахьмад гуьржийн ницкъаллин структурийн куьйгалхоша шаьш юкъаозийнера цу хиламна.

Идигов Iумар: «Чатаев Ахьмад а, цуьнан накъостий а барт бан бахана бара. И нах тахана бехке бан безаш бац. Барт беш юкъарло лелош церан барт ца хилла. Цара, министро Ачалаяс а, аьлла кхаьрга, герз охьадилла аьлла. Вайчара аьлла, шаьш Панкисе чу а даьхкина, цигахь охьадуьллур ду иза аьлла.

ХIинца, гарехь, цу версина тIетевжинчух тера ду Гуьржийчоьнан омбудсмен Нануашвили Уча. Бакъдерг къасто леррина комисси кхолла оьшу аьлла хета цунна.

Амма Нануашвили Учас дуьйцург шаьш дуьйцу дуккха а хан яра бохуш чIагIдо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь эсксперто Арешидзе Мамукос.

Мамука Арешидзе: «Аша со цецвоккху. ХIунда аьлча, омбудсмено дийцинарг аса дуьйцу ши бутт хан ю. Альча а, цо шен рапорта тIехь далийнарг, аса дийцина ца Iаш, сан белхан накъосташа а дицара»,

Гуьржийчура нохчийн жигархочо Хонгишвили Тумишас дийцарехь, тахана керлачу Iедалша ПIаьнгаз-чIожехь дIайолийна керла политика. Цхьацца программаш, шайна юкъахь нохчийн мотт Iамор а долуш, кхочуш ян дагахь ю вайнах бехачу меттигашкахь културан министралла.

Гуьржийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министран когаметта хиллачу Лорткипанидзе Гияс бах гуьржийн омбудсмено Нануашвили Учас Лопота чIожехь хиллачух лаьцна дуьйцург цхьа а доцу хIума ду. Цо чIагIдарехь, хьалха хилла Iедал аьшнаш дан дуьйцуш ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG