ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женевехь дийцича а дIа ца даккхало Цнелисера ха


Тохтыров Вадим

Гуьржийчоьнан а, Къилба ХIирийчоьнан а юкъаметтигаш юьйцуш, Женевехь дIадаьхьначу 49-гIачу бертан къамелехь а ца карийна шина мехканна юкъара, гуьржийн Цнелиси юьртара, ха дIадоккху агIо. Реза ца хилла некъ баста гуьржий. "Кавказ.Реалиица" цхьаьна хьал зийна эксперташ шек бу гIуллакх политико сацийна лаьттош хиларх – оцу меттигашкахь лаьттах дохку маьIданаш вовшашлахь декъа ца ло гуржашка а, хIирашка а, аьлла хета царна.

Ши бутт хьалха Къилба ХIирийчоьно дIахьедира, гуьржийн полицино ха хIоттийна шина мехкан дозанерчу Цнелиси юьрта йистехь, иза бетта чохь дIадаккха дезар ду цигара, аьлла.

Юьйцучу юьртан йисте уьйзира шен ницкъаш Цхинвалино, амма герзе ца дирзира хьал – Женеверчу дискуссе яьккхира конфликт.

Девнан бух - лаьттах дохку маьIданаш?

"Кавказ.Реалиица" къамел динчу тергамчашна хетарехь, дозанера дов политикан бухца а доцуш, экономикаца доьзна хила тарло. Ха хIоттийначу меттигашкарчу лаьттанашца дохку мокхаз а, тальк а доккху маьIданаш.

Уьш мел ду хууш дац, амма Советан заманашкахь "Грузтальк" олу маьIда доккхийла лаьттина цигахь.

Талько доцург, барит, серпантин, серпентинит, мармар, мокхаз, габброидаш, кварц, асбест, кхийолу а минералаш ю цигахь. Оцу сурсатех цIенош кхолура Гуьржийчохь. Кхузаманахь цигахь боккхучу тIонца некъаш бар доцург, кхин пайда бац беш, дийцира "Кавказ.Реалиига" Къилба ХIирийчоьнан Iилман-талламийн институтан белхахочо Джабиев Вячеслава.

Ха лаьтта юьйцу сурсаташ йолчу меттехь. Цхинвалина гарехь, меттиг шайна йита гIерта гуьржий.

"Компромиссал а дукха ду Оьрсийчоьнна дезарг"

Цхьаболчу хаамашца, Цнелисера тальк тидаме эцна арахьарчу мехкийн инвесторша. Ишта го хьал гуьржийн юкъархочунна, конфликтологна Бендианишвили Зурабна.

"Тальк доллу меттиг ю конфликтан бахьана. Кеста цигахь суртсат даккха долор ду Гуьржийчоьно, цундела къуьйсу хIираша Тбилисица и меттигаш. Барт хир бу ала а дац: компромиссал а дукха ду Оьрсийчоьнна дезарг. Цундела девнаш лаьттар ду Оьрсийчоьной, Гуьржийчоьной шайн юкъаметтигаш къастоллац. Амма таханлерачу, политикан амбицешкахь ехачу Оьрсийчоьнца иза далундоцург ду", - элира "Кавказ.Реалиига" Бендианишвилис.

Къилба ХIирийчохь премьер Iийначу Тезиев Олега бахарехь, ехха сийсаш лаьттар ю конфликт, оцу хьолах шенначул пайдаоьцу Къилба ХIирийчоьно.

"Дийцарш доьлхуш кест-кеста гIаттадо хIоттийначу блок-постах дерг. Цигахь экаме, хьажа а хьожуш, юкъаметтигаш къестор пайде хир дара шен пачхьалкхалла дуьнено къобалдаре сатуьйсуш бехачу хIирашна. Я тору, блок-постанна дуьхьал массех йоккха топ а хIоттийна, "оха-тхо" баха а. Делахь а, оцу къовсамехь собаре ший а агIо ца хилахь, хьал гена дала а, герзаш кхийса дуьйладала а мега", - элира Тезиевс.

Тешна ву Тезиев Олег къовсамна юкъа Оьрсийчуьра эскарш долийта мегар дац бохучух. Дийцаршкахь къесто еза юкъаметтигаш, боху цо, карара шо доьрзуш Женевехь гуьржийн-хIирийн рогIера дискусси хила езар дага а лоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG