ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцой машенашкахь кхочур бу Соьлжа-ГIала а


Нохчийчоь - Грозный сити
Нохчийчоь - Грозный сити

Товбеца-беттан 23-чу денна тIера Марсхьокху-беттан 13-гIа де тIекхаччалц цхьа эзар герга Германин вахархо новкъавер ву машенашкахь Берлинера Москох вахархьама. ДоттагIаллин Автонекъ олучу цу барамехь дакъалоцу нах кхочур бу 40 Оьрсийчуьрчу гIала. Цу гIалашлахь хир Соьлжа-ГIала а. 7 маршрутехула чекхбевр болучу цу наха 40000 километр некъ бийр бу. Ишта ю и барамаш вовшахтоьхначу нехан Iалашо.

Хин болу ДоттагIаллин автонекъ цIе йолу барам шолгIа дIахьур бу Германера Оьрсийчу. Даханчу шарахь, цу барамехь дакъалецира 250 стага. Цу бараман Iалашо а ю Германехь дехачу къоман Оьрсийчохь дехачу къаьмнашца даггара цхьаьнаболхбан а, вовшах кхета а, доттагIалла лело а, сатийсам хилар дIахаийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG