ТIекхочийла долу линкаш

Кинохь нохчий "охьаоту" оьрсийн актер нохчашца цхьаьна тIом беш ву Украинехь


Украина -- Оьрсийчоьнан актер Пашинин Анатолий. 08.2017.

Актеро Пашинин Анатолийс кинохь кхоьллина васташ герз хилира Кремлан пропагандан карахь.

«Грозовые ворота» олучу Оьрсийчохь евзаш йолчу сериалан турпалхо Пашинин Анатолий тIом беш ву Украинин эскарехь. Цунах лаьцна хаам бина Украинерчу ТНТ (телевизионан керланийн сервис) каналан журналисто Цаплиенко Андрейс.

Маршо Радион еллачу комментарехь Циплиенкос элира, Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна яьккхинчу кинон турпалхо цхьа бутт хан ю Украинин шен лааамехь тIамтIе баханчу нахах лаьттачу «Аратта» цIе йолчу армехь 8-чу ша лаьттачу батальонехь тIом беш аьлла.

Пашинин Анатолий (аьттоагIор), цуьнан командир Манчинський Алексей (аьрроагIор), журналист Цаплиенко Андрей (юккъехь).
Пашинин Анатолий (аьттоагIор), цуьнан командир Манчинський Алексей (аьрроагIор), журналист Цаплиенко Андрей (юккъехь).

Актеро Пашинина кинохь кхоьллина васташ герз хилира Кремлан пропагандан карахь, амма цо шен кара герз эцна шен даймохк Украина мостагIех ларъян, бохуш вара Циплиенко.

Тахана Донбассехь саьмгаршкахь волчу Пашинина шеца лелош ду Оьрсийчоьнан паспорт, амма цуьнан орамаш, цуьнан доьзал Украинера бу.

Диъ шо хьалха кинохь турапала Оьрсийчоьнан эскархойн васташ кхуллуш болх беш волчу цунна дагахь хилла а хир дацара, ша эххаре кинохь а доцуш, баккъала а йолчу самьгаршкахь нислур вуй а, иза Украинехь хир дуй а.

Оьрсийчоьнан телевизионехула шарахь масийттоза гойту Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна «Грозовые ворота» олу, Пашинин коьрта турпалхо а волуш, 2006-чу шарахь яьккхина кино.

Нисса дIа иза иштта дац бохуш пропагандо чIагIдахь а, цу филман бухе диллина ду 2000-чу шарахь хилла Оьрсийчоьнан эскархойн тIеман картанашна тIехь 776,0 аьлла билгалъяьккхинчу Улус-Кертана уллехь йолчу лакхенехь хилла тIемасадалар.

Кхеташ ма хиллара, цу кинохь Оьрсийчоьнан эскархой дика а, онда а, цIена а, хьекъал долуш а, майра а гойтуш бу, ткъа нохчийн тIемалой гайтина бу кхин маьттаза гайта аьтто а хир бара-те аьлла.

Пашинина дийцарехь, Оьрсийчоьнан армехь хIора кхаъа баттахь цкъа гайтар тIедиллина ду «Грозовые ворота». Цу филмехь Пашининан турпалхочо, Оьрсийчоьнан эпсаран масал санна волу лакхарчу лейтенанто Доронина, теша бо миллионаш махкахой Кремлан дуьхьа валар сийлахь а, хаза а ду бохучух, дуьйцу ТНТ-н телесюжетан авторо Цаплиенкос.

Кинохь нохчийн тIемалойх леттехь а тахана актер Пашинин тIом беш ву Украинина тIехIиттинчу Шайх Мансуран цIарах йолчу нохчийн батальонерчу тIемалошца цхьана бохуш вара журналист.

Ткаъ муха хилира церан бовзар? Журналисто Цаплиенкос ша хаьттира боху актере иза.

Цаплиенко: "Доронин, хьо а ву кхузахь?, - хаьттира. Хьо хIун деш ву кхузахь? Ткъа иза жимма шокехь вара. Оцу интервьюхь, ас яийтинчу, цо цунах лаьцна дуьйцу. Дика юкъаметтигаш ю шайн боху цо. Цхьана тIеман декъехь гIуллакх деш ду шаьш боху. Дерриг а дика ду боху".​

Пашинина шен интервьюхь иштта дуьйцу цунах лаьцна.

Пашинин: Кхачанан хIусамехь хIума кхоллуш вара со. Царна гира со. Царахь цхьаммо хаьттира: «Доронин хьо а ву кхузахь?» И сурт дешнашца дийцалур дац. И стаг велавелла вара. Иза инзаре хIума дара. Цхьа а оьгIазло яцара цуьнан юхь тIехь. Иза бер санна цецваьлла вара со гина».

-Ткъа хьан реаци му яра?- хоьтту журналисто.

Пашинин: Со хIума кхоллуш вара. Ткъа иза вара йоккха маж йолу стаг, юьхьтIехь моьнаш а долуш.

Журналист: Хийца деллий хьуна Нохчийчохь хиллачу тIамах хетарг?

Пашинин: Цу хенахь цхьа а кхетам бацара сан. Цкъа делахь, оха кино йоккхучу хенахь тIом чекхбаьлла бара, кхеташ дара оьрсийн эскар цу тIамехь эшна хилар. Иштта кхетам бара. Берриг и толамаш уьш болуш санна бийца безаш хилара, цера тхайггара сурт хIотто дезаш хилара тхан. ТIаккха дийца дезаш хуьлу иза дерриг а оха ма диццара хилча санна».

Журналист: Хьо тешарий цу толамех?

Пашинин: Тешара дера. ЧIогIа лаьа теша сирлачух, дикачух, хьо сирлачуьнгахьа а, дикачуьнгахьа а ву бохучух. Ткъа Iазапхой зуламехьа а бу, царна тIехьа хIоьттина лаьтташ зуламе ваший-Iамеркахо а ву бохучух. Амма цул тIаьхьа мел теша хьо цуьнах? Баттахь, шина баттахь? Хьо кхета уьш пуьташ хилар».

Украинехь Евромайдан хиллачул тIаьхьа шен болх а, Москох юккъехь петар а, ницкъ болу беза-бевзарш а, атта дахар а дитина Украине цIавеара Пашинин.

ТНТ телеканалана ша еллачу интервьюхь ша гIо дан лууш ву шен даймехкана боху актеро.

Пашинин Анатолий: "Дуьххьара ахчанца гIо дора ас, ткъа ахча чекхдаьлча стенца гIо далур дара соьга? Ахча дац я иза даккха меттиг а бац. Кхузе веана саьмгарш ахкар, гуччахь латтар, герз тохар».

Пашинин Украинин эскарах дIакхетаро шаьш бакъ хилар гойту аьлла хеташ ву цуьнан командир Манчинський Алексей.

Гергарчу хенахь документалан кино яккха дагахь ду шаьш бохуш вара журналист Цаплиенко. Цу филмехь дакъалоцуш хир ву Улус-Кертана гергахь кинохь луьра тIом бина актер Пашинин а, цигахь баккъалла а тIом бина нохчийн тIемало а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG