ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз латтийна аьлла шеконца ши вахархо лаьцна ГIалгIайчохь


Меттигерчу экстремизмана дуьхьало латточу Центро карарчу беттан 9-чохь къайлахчу сервисийн белхахошца цхьаьна дIабаьхьначу талламашкахь лаьцна ГIалгIайчуьра ши вахархо. Тахана, гIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, цхьахволчу лаьцначун цIийнах куьйга кечдина хIоьъмолха а, цуьнан компоненташ карийна, ткъа шолгIачун хIусамах цхьа хIльъмолха даьккхина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дийцарехь, Товбеца-беттан 9-чохь бакъоларъяран органаша Плиевехь лаьтта бухара даьккхира 50 литар долу пластикан черма, Калашниковн ши автомат а, цуьнан гIутакхаш а, 711 патарма а чохь болуш. Билгалдаккхарца, оццу бехкзуламан гIуллакхна тIехула болийначу оперативан барамашкахь бина бу и болх.

Лецначара бехкаш тIелаьцна, карарчу заманчохь Несарарчу изоляторехь латтош ву и шиъ. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло даредарца, ший а гIаттамхоша герзашца вовшахтоьхначу юкъараллашкахь лаьттина ву.

Стигалкъекъа-баттахь Малгобекан кIоштарчу Юкъера Ачалкхера ши вахархо а, Магасера цхьаъ а лаьцнера ГIалгIайчохь. Полисхоша дIахьедира, кеп-кепара герз а, лоьлхуьйтурш а, травматикан тапча а, патармаш а, цхьацца кепара хIоъмолханаш а даьхна шаьш цаьргара аьлла.

Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG