ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзанна а, ахчанна а дуьхьа: Нохчийчуьра стенна боьлху Украине тIом бан


Украина, Луганскан кIошт, Севедонецк. Нохчийчуьра оьрсийн эскархо цхьахдолчу нахбехачу ц1ийнан ларми чохь. 2022-чу шеран Стигалкъекъа-бутт

Биъ бутт болабелла Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала тIом беш. Эскаран могIарш дузархьама махкахь къайлаха мобилизаци ю дIахьош. Лаамхо хила мел-луург Зазадоккху йа Охан беттанашкахь фронте ваха дIавазвелла. Доккхачу декъанна уьш хIинцалера, йа хьалхо ницкъаллин хьукматашкахь болх бина нах бу. Эскархошна хIора баттахь 200-300 эзар сом ахчанаш лур ду баьхнехь а, хIинца лаамхойн терахь лахделла. Сих-сиха латкъамаш до тIамера юхабаьхкинчу наха, ахча буьззинчу барамехь схьа ца делла шайна, барзакъ доцуш, йоккхачу тоьпан дилха санна охьакхиссинера шаьш, юург ца латтайора, бохуш.

"Хьалха санна 300 эзар а ца ло", - яздо нохчийн лаамхойн чаташкахь. Республикера тIаме бигначийн терахь официалехь ца хьехадо. Цуьнан меттана регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьйцу, республикера керла йолах лаьцна нах дIахьийсорах лаьцна, ур-аттала тайп-тайпанчу къаьмнех хуьлу уьш а.

Республикехь жигара гулбо кегийрхой социалан машанашкахула, юьртийн, кIоштийн вотсап тобанашкахула, телеграмерчу каналашкахула а. Ур-атталла тIаме хьийсабо набахтехь хан токхурш а, талламна кIелахь берш а. Цул сов, цхьахберш лечкъабо, царна барзакъ, герз кара а делла, тIаме хьажон.

Хила тарло, цхьана зуламна тIехула стаг дIа а лоций, талламна меттана Украине вахар хьоьху цунна

Лаамхой гулбархьама гIалмакхойн куьйгалхочо омра арахецна, Украинерчу тIаме ваха реза волчунна ахча лур ду аьлла дIа а кхайкхош. 30 эзар сом кхачор ду хIоранна а бюджетера. Краснодарехь лаамхой тешош болх беш хьаькамаш а бу – шаьш бинчу балхах лаьцна администрацина хьалха чот яла деза церан. Хьукматийн куьйгалхошка шайн белхахошна тIеман министраллица контракт яздарехь новкъарлонаш ца яр хьоьхуш арахецар дина гIалин мэро.

Оцу юкъанна фронтера хаамаш кхочу, уггара оьшург эскархошна тоьаш яц бохуш: гIагIдиллина жилеташ, йовха бедарш, кхачанан сурсаташ, дарбанийн гIирс а. Хетарехь, Оьрсийчохь йолах лаьцна нах чекхбевлла ца Iаш, уьш латтон ахча а чекхдолуш ду.

ТIеман низамашца беха

Нохчийчуьра схьаваьллачу юристо, бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакара чIагIдо, хIора кIирнах Нохчийчуьра 200 эскархо хьажор ву, аьлла дош делла волу Кадыров Рамзан халонаш ловш ву республикерчу нохчашлахь дийна ницкъ гулбарехь.

"Сан зерашца, 1400 Нохчийчоьнан вахархо бен ца гулвина, тIаккха верриг республикера дIахьажийнарг кхо эзар стаг бен вац. Агитаци юкъаяьккхина: оха 300 эзар сом ло, ткъа шун кхалхарца йоьзна ял пхи миллион хир ю. Оцу гIуллакхна коьртехь Кадыровн ницкъаллин блокехула гIоьнча Мартынов Даниил ву. Муьлхха а стеган хIинца Нохчийчу а веана фронте кхача йиш ю. Оьрсийчуьра хилла а ца Iаш, ОДКБ-н пачхьалкхашкара, Белорусера, Арменера, Кыргызстанера, Казахстанера а", - боху Янгулбаевс.

Цо дийцарехь, Нохчийчохь иштта "дIагулбо" шортта оьрсийн къомах нах а. Лаамхой Соьлжа-ГIалин мэре кхойкху. Цигара дукхачу хьолехь Гуьмсарчу тIеман базе хьийсабо, тIаккха уьш герз кхийса, автомат вовшахтаса, оьккхуьйтурш яхка, лазийначарна хьалхара гIо кхачон, тактика лелон а Iамабо. Цул тIаьхьа барзакъ а, герз а кара ло. ГIагI диллина жилеташ, коьрта йохкурш а ца ло – уьш еза хиларна. ТIаккха Украине хьийсабо. Юучунна а, дIасавигарна а ахча дIало.

Ахчанна дуьхьа тIом бан лууш хилла болу Нохчийчуьра бахархой Зазадоккху йа Охан беттанашкахь Украине дIабахана. Церан декъехь бара ницкъаллин хьукматийн белхахой, хIинцлера тутмакхаш, йа хьалха даккхийра зуламаш дарна набахтехь хан яьккхина хилла болу нах а. Чуволларца бина сацам болх бан ца болабелла болу "лаамхой" бара церан декъехь. Уьш массо тIаме боьлхура, Iедалца барт а бина, набахтех хьалхабовлархьама. Янгулбаевс лерина толлура и гIуллакх.

"Хан токхуш болу [нах] тIаме хьийсор – иза рогIера хIума ду [Оьрсийчоьнна]. Сирла масала – Шемара а, Гуьржийчуьра тIеман тийсдаларш. 2008-чу шарахь Гуьржийчохь Ямадаев Сулима (нохчийн "Восток" батальонан буьйранча. – Редакцин билгалдаккхар) куьйгкIелахь тIом бан зуламхой арабохура. Ур-атталла талламна кIелахь а болуш, "Исламан пачхьалкхан" (организаци террорхойн леринаю, Оьрсийчохь дихкина ду цуьнан гIуллакхаш. – Редакцин билгалдаккхар) агIо лаьцна тIом бан лууш болу нах а арахоьцура Шемахь", - тешна ву Кавказ.Реалиица къамелдинарг.

Нохчийчуьра балхахь болу ницкъахойх а, лаамхойх-рекрутерех а "кадыровхой" олу. Янгулбаевс бахарехь, уьш, дукхачу хьолехь, Украинехь йийсаре ца кхочу, амма сих-сиха артиллерин тохаршна кIелахь кхелха. Оьрсийн чугIортар доладелла бутт баьлча, дуьххьара чуогIорта аьтто боцуш дирзича, кадыровхой кхолгIачу эшелоне хьовсийра. ХIинца уьш украинхойн дIалаьцначу латтанаш тIехь "зачисткаш" еш лела.

Украинехь байъиначех мел-кIезиг а виъ нохчо тIом болабалале набахтешкахь, йа талламна кIелахь хилар гучудаьлла Янгулбаевна.

"Уьш "наркотикийн" артиклашна тIехула бехкебеш бара. Царах лаьцна хаамаш аса церан юьртахошкара а, лулахошкара а тIечIагIбина. Церан кхалхар баккъала хилар гучудаккхархьама, аса сайна церан кешнийн, чуьртийн суьрташ даийта, аьлла дехар дира", - дуьйцу къамелдечо, байъиначийн цIерш а йохуш.

Мударов Абубакар, Чучаев Заур, Успанов Аслан а ву вуьйцург. ТIаьххьарчо Кадыровга видеокхайкхам бинера хьалхо, низамехь доцуш Iедал тIаьхьдаьлла шена аьлла, иштта шена орца дехнера цо. Ша стенна бехкевеш ву ца дийцира цо, амма элира, шена хьалхо кхел йина. ВоьалгIаниг – Имадаев Зейнди – наркотикаш лелорна масийттаза кхел йина вара.

"Имадаев – царна юккъера уггаре хьерваьлларг ву, - боху Янгулбаевс. Шайн юьртахь массарна бале ваьлла иза, иштта гергарчу наханна а. Сан хаамашца, иза шаьш кадыровхоша вийна, украинхошна тIехь къизаллаш лелорна а, талораш лелорна а. Цуьнан хьокъехь чIир хир яц, хIунда аьлча, гергарнаш цунах дIахаьдда – телекамерана хьалха "Кадыровна гайтархьама" а доцуш, баккъала а".

Бакъоларъярхочо бахарехь, рогIерчу кадыровхошна дихкина ду Украинехь лецнарш хьийзон.

Барзакъна тIера шевронаш, погонаш, ерриг билгалонаш а схьаяхар тIедожийра тхуна, Оьрсийчу схьакхачалц балаклаваш охьа ца яхар а

"Иза оьрсийн къайлахчу сервисийн къастийначу наха лелош ду, хьалха хиллачу КГБ-но, НКВД-но, чекисташа санна. Кадыровхошна тIехIуттуш вац со. И нах уггара хьалха ахчанца боьзна бу, цуьнан дуьхьа уьш хIуъа дан кийча бу. Кхечу нехан цIийнах ахча даккха эхь ца хета царна. Амма и нах тIеман низамашца беха, церан шатайпа доьналлин кодекс ю", тешна ву Янгулбаев.

Кадыровхошлахь "иэхье нахалабевлла", бехбала ца луурш а бу, аьлча а, тIеман зуламашца. Церан цхьахдолу дакъа цига омрана кIел а нисделла кхаьчна, къизалле шайн болу безамна ца кхаьчна, билгалдоккху къамелдечо.

Нохчийчохь бахархой нуьцкъаха тIаме хьийсоран система яц аьлла хета Янгулбаевна. Амма бакъоларъярхочо тIедуьту, Европе дехьа а бевлла, мухIажаран статус яккха луучу нохчаша зорбанашкахь йолчу информацех пайда эца мегаш хилар.

"Кхел йина хилла волу шовзткъа стаг дIалецира Устрада-ГIалахь дукха хан йоцуш, тIаме бахар хьийхира царна. Уьш реза ца хилира. Верриг шовзткъа стаг цIавеара, цхьа а чу ца воьллира. Хила тарло, цхьана зуламна тIехула стаг дIа а лоций, талламна меттана Украинерчу тIаме вахар хьоьху цунна. Цунах теша со. Бутт хьалха, Кадыров лаамхой тоьаш ца хиларан проблемана тIеIоттавелча доладелла иза. Цхьаберш полицин декъе кхойкху, профилактикан къамелаш дан деза олий. Амма Нохчийчохь дIалаьцначул тIаьхьа къайла мел-ваьлларг тIаме ца кхочу. Хьалха санна стаг къайлахчу набахтешкахь вита мега", - боху Янгулбаевс.

Нуьцкъаха Украине хьажийна хилар хууш долчех веккъа цхьаъ ву Халитов Хьасанан ваша, тIетоьхна бакъоларъярхочо.

Ца кхаба йиш яцара – адамаш ма ду вай

Анониман кепехь къамел дан аьтто хилла Кавказ.Реалиин Украинан малбалехь "командировкехь" хиллачу Нохчийчуьрчу ФСИН-ан урхаллан белхахочуьнца. Цуьнан тоба йийсаре лаьцначу украинхошна гIаролла деш ю. ХIинца иза шен цIахь ву, Нохчийчоьнан цхьахйолчу юьртахь.

"Украинаца долу доза оха хадийча, буьйранчас ерриг смартфонаш схьаехира, тхоьгахь йиснарш доьзалца зIе латтон елла кнопкашца йолу телефонаш бен яцара. Иштта, барзакъна тIера шевронаш, погонаш, ерриг билгалонаш а схьаяхар тIедожийра тхуна, Оьрсийчу схьакхачалц коьртера балаклаваш охьа ца яхар а, хIуъа хилахь а, тхайн яххьаш ца гайтар а", - дуьйцу къамелдечо.

Балхахь болу эпсарш омранца кхаьчнера цига, цара шайна тIедиллинарг кхочушдора. Амма йолах эцна болу лаамхой тIехь камераш йолу телефонашца баьхкинера, видеош язйора, эфирашка а буьйлура, туьтмIаьжигаш ца лелайора, "хецна зуламаш" леладора, меттигера нах хьийзабора, церан бахамаш схьабохура.

УФСИН-н белхахочо бахарехь, цунна а, цуьнан белхан накъосташна а дихкинера украинхойн йийсархошна кхача бала – "уьш къера хиллалц", аьлча а, украинхойн эскарийн йолу меттиг схьайийцалц. Оцу Iалашонца ВСУ-н эскархошна етта а, Iазап дан а йиш яра.

"Делахь а, оха уьш кхобура, адамаш дай тхо-м. Тхуна дийнахь лучу ахчанех оха царна кхача оьцура. Хи а лора, низам а дохош, уьш царна камерана чу хьора, - дуьйцу нохчийн эскархочо. – Суна дагадогIу, ши эзарлагIчу шерашкахь тхуна тIехь федералхоша хIинца украинхошна деш дерг лелош. Суна дагайогIу ткъе итт стаг чохь а валлош, хьашташ кхочушдан ведар а лелош хилла йолу и камераш-клеткаш. Кхача а бац. Тхо массо а кхеташ ду и тIом харц хилар, амма омра – омра ду. Республикехь лартIехь дахар хилийтархьама, йа нуьцкъаллин хьукматашкахь болх бо ахь, йа бан а ца бо".

Нохчийн полисхоша шайн социалан машанашкахь лаамхой лоьхуш арахецарш до, цаьрга Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт яздайта. РогIерчу эскархошна а, сержанташна 34 эзарна тIера 68 эзаре тIе кхаччалц ахча дуьйцу, амма иза Украинерчу леринчу операцехь дакъа лоцуш велахь - кхин а 53 доллар дийнахь. МостагIан техникана тохар дича луш ахча а ду – 50 тIера 300 эзаре кхачалц, иштта тIеман декхарш чекхдевлча, ветеранан кехат а – цо аьтто ло, коммуналан гIуллакхех дала деза ахча лахдан.

Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Iайшата (цIе хийцина ю. – Редакцин билгалдаккхар) дийцина Кавказ.Реалиига, дукха хан йоцуш цуьнан гергара стаг нохчийн коьртачу гIалин цхьахйолчу кIоштан полицино дIалаьцна хилар. Жимастаг "молханашна тIехь" хилар ма-дарра гуш дара. Иза РОВД схьа а валийна, харжамна хьалха хIоттийра: йа доккха гIуда а, набахте а, йа Украине новкъа валар.

"Иза реза ца хилла, хIинца Нохчийчуьра вада лууш ву иза оьрсийн къилбаседе болх бан. Делахь а, гIуда такха дезаш ву иза, амма ша а, шен ваша паргIат вита лууш ву. Церан хала доьзалан кхоллам бу. Нохчийчохь шолгIа тIом болалуш, 1999-чу шарахь церан да хIусамера ара а ваьлла вайна, хIинца тIепаза вайна лоруш ву иза. ТIом царна кхин ца оьшу, муьлххачу кепехь", - дуьйцу Iайшата.

Цо чIагIдо, Нохчийчуьра божарий дукхачу хьолехь Украине баха текхабо ахчанца, амма вуьшта а хуьлу.

"Адамалла йолу стаг цига гIур вац. Амма дуьхьала ойланаш а ю. Кхузарчу Iедална реза боцучарна хета, тIамехь герз а даьккхина, цуьнца дуьхьало ялур ю шайга. Юхабаьхкинчу лаамхойн цхьана декъехь герз лелон аьтто луш кехаташ ду. Герз цIахь леладо цара. Вайнчарах цхьахберш цундела гIерта цига – нохчашна дукхаеза ловзориг бахьанехь… Тапчанаш, патармаш", - боху къамелдечо.

Бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара а дуьйцу оцу тенденцих лаьцна.

"ОДКБ-н а, НАТО-н а герзаш схьагулдо муьлххачу дозана уллохь иккхинчу конфликто. Цхьахболу нохчий тIаме боьлху оцу герзанна дуьхьа. Цара догтешна кадыровхой шаьш болуш санна "Ахмат – сила!" бохуш, маьхьарш детта", цигахь герз даьккхина, иза Кадыровн режимна дуьхьала лелон, йа дIадохка дог-ойла хуьлу церан", - боху бакъоларъярхочо.

Оьрсийчоьнан низамашца "лаамхой" боху дош дан а дац. Низамехь йоцу герзан вовшакхетараллина юккъехь дакъа лацар кхелана кIел вуьгу гIуллакх ду  

"Юг" батальонан буьйранча Украинера Нохчийчу герзаца юхаваран масала даладо цо, дийцарехь, оцу бахьанца меттигерчу ницкъахойн бIаьргаш хьалхара дIавелира иза.

"Делахь а, иза хилале цо тиктокехь шортта видеош арахоьцура. Кадыровс етта а йиттина, ларми чу кхоьссина бохуш, дуьйцура. Украинхошна карадаьхкинчу къамелашкахь цунна тоьшаллаш дара. Кадыровхоша дуьйцура и хилларг. Амма рогIерчу эскархочуьнга фронтера оькхуьйтург схьаялур ю. Дукха хан йоцуш царах цхьаммо ялх шен накъост вийна", - дуьйцу къамелдечо.

Украинера юхабаьхкинарш, Янгулбаевс бахарехь, Нохчийчохь официалехь доцу тептаре баха аьлла, омра дина. Ницкъахоша толлу, цара цигара герз деана хилар, цаьрца кхеторан къамелаш до.

"И болх массочу ханна низамехь доцуш дIахьо Нохчийчохь. Стаг дIавуьгу, цхьана ханна латтаво, тIаккха кехаташна куьйг яздойту, иза кхеторан къамелаш дара, цуьнан цхьа а резавацар дац, аьлла. Амма пенал дехьа хIуъъ а хила мега. Аттачу ижунна тIехьбоьвлла таллархой дIалехка гIерта уьш", - тешна ву бакъоларърхо.

Уьш низамехь йоцу хьукматаш ю

"Гражданин. Армия. Право" Бакъоларъяран тобанан директоро Кривенко Сергейс шен белхан накъосташца тайп-тайпанчу оьрсийн эскархойн категорешна хьехарш ло. Цо дийцина Кавказ.Реалиига, регионашкахь къайлаха мобилизаци муха дIахьо.

"Ма-ярра мобилизаци яц, дIакхайкхийна яц иза. Хаамаш тIечIагIдан деза бохуш бахьана а хIиттош (Iилма, доьзал, могушалла), военкомате резервера нах кхайкхар ду дIахьош. Иштта кехат шайга кхаьчча бахархой военкомате схьабан декхаре бу. ДIакхайкхийна мобилизаци ца хиларна, тIеман гIуллакхашка резервера нах дIабига йиш яц. Амма царна хьоьху, тIеман гIуллакхаш даран контрактана куьйг яздар. Реза ца хилахь, военкоматехь иза нуьцкъаха ца дойту. Амма контрактхойн цхьа дакъа гучудолу", - кхетаво Кривенкос.

Нах тешоран процесс ю цуьнца дIахьош, боху бакъоларъярхочо.

"Лаамхой бу бохурш лоьху Оьрсийчоь мел-ю. ХIинца а билггала хууш дац, муьлхачу сервисашца кечдо церан кехаташ. Уьш контрактхой бац, къаьсттина "лаамхой" бу. "ЛНР-н", "ДНР-н" сервисашкахула, йа доларчу тIеман кампанешкахула. Оцу кепара маса стаг схьагулван аьтто баьлла – хууш дац. Статистика яц, барамаш бийца хала ду. Царна цхьа ахчанаш хьоьху, амма уьш схьа ца ло бохуш латкъамаш хуьлу", - тIетуху къамелдечо.

Цо бахарехь, лаамхой-рекруташ кхеташ бац, шаьш стенца контракт яздо а, муьлхачу статусехь Украине шаьш хьийсабо а. Ца кхета, уьш низамца йогIуш йоцу сервисаш хилар.

"Оьрсийчоьнан низамашца "лаамхой" боху дош дан а дац. Низамехь йоцу герзан вовшакхетараллина юккъехь дакъа лацар - иза кхелана кIел вуьгу гIуллакх ду, зуламан кодексехь артикл ю оцу хьокъехь. Амма оьрсийн Iедало оцу артиклана юкъа 2013-чу шарахь дешнаш тоьхна, вахархочо Оьрсийн Федерацин интересаш хьалхатоьттуш тIом беш хилахь, иза жоьпаллех хьалхъавоккху, аьлла. Амма дерриг хийцдала мега, "Оьрсийчоьнан интересаш" хийцаяла мега", - билгалдоккху бакъоларъярхочо.

Беллачийн доьзалшна хьажийна ахча дIакхачорехь проблемаш хила мега Кривенкос бахарехь. Иза Оьрсийн Федерацин эскархо валахь – бен дац, кхайкхинарг, йа контрактхо, - цунна чевнаш хилахь, йа иза кхалхахь пачхьалкх цунна ахчанца зен меттахIоттон декхаре ю, дерриг цхьана тоьхча иза бархI миллион соьме кхача мега. Амма оцу ахчане кхача йиш ца хуьлу массо ханна.

Лаамхойх лаьцна дерг дийцича, церан гергарчарна цхьа а ахча ца догIу уьш кхелхича. Вийначун контрактехь яздинарг бен ца кхочу царна. Охан-беттан чакхенгахь Оьрсийчоьнан президенто лаамхо кхелхича пхи миллион сом даларх лаьцна омрана куьйг яздира. Амма муьлхачу сервисо дIадала деза и ахча – кхеташ дац, билгалдоккху Кривенкос.

***

Кавказ.Реалиино хьалхо арахийцира, Украинерчу тIамехь байъинчу Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а бахархойн гергарчу нехан дийцарш. Нохчийчуьрчу спецназан базехь эскархой кечбаран доца Iамораш чекх а даьккхина, лаамхойн кепехь 2022-чу шеран Зазадоккху-баттера Стигалкъекъа-батте кхачалц Украине ихнарш бу буьйцурш. Церан долара хаамаш – цIе, фамили, ден цIе, веха меттиг, вина шо, тIаме схьавалийна терахь – Украинан тIеман министраллин кара кхаьчнера.

Оцу хьокъехь дуьххьарчу арахецарехь Кавказ.Реалиино Нохчийчуьра лаамхой бу бохучийн дийцарш далийра. ШолгIачехь – Ставрополан махкара, Дагестанера, Кубанера, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIалгIайчуьра, Ростован махкара эскархойн а, церан доьзалхойн а дийцарш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG