ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь 2022-чу шарахь Конституцин кхел дIайохо барт хилла


ГIалгIайчоьнан Халкъан гулам
ГIалгIайчоьнан Халкъан гулам

ГIалгIайчуьрчу Халкъан гуламан (парламентан) депутатийн а, регионерчу Конституцин кхелан куьйгалхочун Гагиев Аюпан а барт хилла, федералан низамца а догIуш, Конституцин кхел дIайохо. Гагиевс карладаьккхина Оьрсийчоьнан конституцехь яздина цахилар, пачхьалкхан кхелан системехь регионашкахь конституцин кхелаш хила езарх, яздо "Интерфаксо".

Де хьалха Халкъан гуламан пачхьалкхан гIишлошъярехула а, низамаш дахарехула а йолчу комитетан урхалхочо Гадиев Ислама (ЛДПР) "ГIалгIайчуьра Конституцин кхел дIаяккхар" аьлла низаман проект йиллира депутаташка йийцареяйта.

Федералан низамашкахь бина хийцамаш бахьана долуш, 2023-чу шарахь дуьйна пачхьалкхерчу мехкашкахь конституцин кхелаш болх беш хир яц. Оьрсийчоьнан 17 регионехь хIинцале а дIайохийна конституцин кхелаш.

2020-чу шарахь Дечкен-баттахь тIеийцира федералан низам, регионашкара конституцин кхелаш дIаяхар тIедожош. Ша низаман проект Пачхьалкхан думе кховдийра президенто, Конституцехь бина хийцамаш бахьана долуш. Конституцин кхелийн метта республикашкахь кхуллуш ю парламенташкахь конституцин кхеташонаш, амма церан функцеш хIинца а билгалъяханза ю.

Федерализмана тIехь хаалур ду, конституцин кхелаш юкъара дIаяхар аьлла, билгалдоккху, хIунда аьлча, шайн лаамехь сацамаш тIеэцаран бух дIаболу регионийн.

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа негативе тIеоьцу и гIулч, ткъа кхелашкахь болх дукха бу олу, йа реза ца хуьлу Пачхьалкхан думан сацамах лаьцна комментарий яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG