ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь хиллачу протестан лидерийн гIуллакхехула дийцарш дирзина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ессентукехь дирзина ГIалгIайчохь хиллачу протестан лидерийн кхелан гIуллакхехула дийцарш. Исс шаре гергга хенаш тоха царна аьлла, дехар дина прокуратуро, адвокаташа – уьш бехказабахар.

Дийцарийн тIаьххьарчу дийнахь бистхилира, кхелехь адвокатан а, юкъараллин лардархочун а метта хилла Ужахов Малсаган а, Барахоев Ахьмадан а кIентий а. Дош ийцира иштта бехкевечу Ужахов Малсага а, Хаутиев Багаудина а, Нальгиев Исмаила а. РогIерчу кхелан кхеташонехь, Лахьан-беттан 23-чохь, тIаьххьарчу дашца бистхир бу бехкебийраш.

Адвоката Куриев Джабраила бахарехь, шина дийне дIаяхъяла тарло и процедура, цул тIаьхьа билгалдоккхур ду таIзар кхайкхоран де.

Куриевс дийцарехь, дийцарш дIахьочу заманчохь адвокаташа дийхира кхеле, таIзаре хIиттийнраш бехказа бахар, хIунда аьлча, дохку бехкаш бух боцуш ду аьлла хета царна.

"Прокуратуро хьекъале маьIна а дийр ду, шаьш дохкучу бехкашна юха а ера ю аьлла, тешна дара тхо, хIунда аьлча, кхелан кхеташонехь бIе процентна хилла ца Iаш, эзара процентна тоьшалла дира церан бехк цахиларх. Беламе гора уьш кхелан таллам дIахьочу заманчохь а, дийцаршкахь а. Эханна мукъна а шаьш дохкучу бехкашна уьш юхабевр бу моьттура. Низамашна тIетийжачу стага йоьхийла дац оцу нахана цхьа а хенаш", - аьлла адвокато.

Цо бахарехь, кхело тIеэца ца еза цхьа а агIо - процессан декъашхойн, мелхо а, "арбитр" санна хила еза, низамехь хета сацам тIеоьцуш.

"Иштта хила деза, ткъа тхан гIуллакхехь, муха хир ду хууш дац, хIунда аьлча, хIара политикан гIуллакх долу дела", - билгалдоккху Куриевс.

  • Хьалхо прокуроро дехар дира кхеле, колонехь яккха ворхI шарна тIера исс шаре гергга хенаш тоха царна аьлла.
  • ТаIзаре хIиттийнарш бехкебо, Магасехь хиллачу митингехь ницкъ дуьхьалбаккхарна а, экстремистийн юкъаралла кхолларна а. Бехкебечийн гIентахь ву – Барахоев Ахьмад, Мальсагов Муса, Хаутиев Багаудин, Чемурзиев барах Ужахов Малсаг, Нальгиев Исмаил, Саутиева Зарифа. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG