ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь хиллачу протестийн гIуллакхна тIехула таIзар динарг маьршаваьккхина


Магасера митинг
Магасера митинг

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьал хIиттийначу протесташкахь полисхочунна дуьхьал ницкъ бакьккхина аьлла, хантоьхна Горбаков Мурад маьршаваьккхина.

Кху шеран Гезгмашин-баттахь 11 бутт хан тоьхнера цунна, амма Зазадокху-баттахь лаьцчхьана цо СИЗО-хь яьккхина хан а лаьрра, мукъаваьккхина Горбаков. Колони хьажийна вацара иза, Пятигорскерчу СИЗО-ра аравалийтина.

Адвокатан дешнашца, "Фортангас" яздарца, Горбаковс цхьана декъана бен бехк тIелаьцна бац.

Дахначу кIиранах кхело цхьа шой, ахшой хан кхайкхийра арахь яккха ППС-н белхахо лаьттинчу Долгиев Мохьмадна. Росгвардин белхахошна а, протестхошна а юкъахь тасадаларш цахилийта къаношца цхьаьна могIаре а хIоьттина, дIасабоха ойла карчийначу 15 гIалгIайн полисхочух вара Долгиев.

Карарчу хенахь Ессентукехь йоьдуш кхел ю гIалгIайн протестан лидершна тIехь. ВорхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш йоьху царна прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG