ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцначу талламхочун уьйраш хилла батIалхьажошца


Де хьалха ГIалгIайчохь лаьцна талламхо а, регионерчу прокуратуран хилла белхахо а. Кхаьънаш эцарх а, даржел совбийларх а бехкзуламан гIуллакх толлучу гурашкахь лецира и шиъ. Москварчу талламан органаша дIахьош ду гIуллакх, хаамбо "ГIалгIайчоь" интернет-газето ницкъаллин стурктурашкарчу шайн хьосташна тIетевжина.

Лецначийн батIалхьажошца уьйраш хилла аьлла, шеконашка эца тарло, и формалехь йоцу организаци а цхьаьна ю ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а вер толлучу гIуллакхна юкъахь хьехош, хаамбина "Интерфаксо".

Хьалхо дуьйцура, Эльджаркиев верна бехке хила тарло аьлла хетачу, ГIалгIайчуьрчу бахархошна гонах гIуллакх теллина даьлла аьлла. Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкебина уьш, амма царех цхьаммо а тIе ца лоцу дохку бехкаш.

Маршо Радионо яздира, Эльджаркиев верца даьстинчу гIуллакхца 11 стаг лацарх, цхьаберш лаца кхайкхийна хиларх а. Царех цхьаъ ву ГIалгIайчоьнан вахархо Картоев Къурейш. Дийцарехь, Туркойчохь къайлаваьлла иза.

2020-чу щеран ГIуран-баттахь Басманан кхело лаца кхайкхийра, Эльджаркиевна кIелоярна а, иза верна а талламна бехкехета ГIалгIайчуьра схьаваьлла Аушев ИбрахIим а, БелхороевгIар Адам а, Iийса а. Дуьненаюкъарчу лехамашка бевлла уьш.

Оцу гIуллакхна бехкевина, лаьцна латточу Белхороев Алихана Дечкен-баттахь дIахьедира, шега гIело хьегийтрах.

БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 10 эзар гергга стаг. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG