ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархошна юкъахь иккхина дов герзашка даьлла


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошна юкъахь Назранан кIоштан федералан некъа тIехь летарш хилла. "Интерфакс" агенталлан хаамашца, бахьана ду некъаца хилла конфликт - ГIалгIайчуьрчу вахархочунна некъ ца буьтуш, новкъарлонаш еш Нохчийчуьрчу микроавтобусан долахочо.

"Некъайистехь сецна божарий юкъаметтигаш къесто буьйлабелла, дош дашера а даьлла, шина а агIонгара бевза-безарш тIе а кхаьчна, летаршка дирзина гIуллакх", - дIахьедина хьолах лаьцна хуучу агенталлаца къамел динчо.

Цо чIагIдарехь, травматикан герз детта воьлла ГIалгIайчуьра вахархо шех тийсалучунна. Полисхоша дIасабаьхна уьш, инцидентан декъашхой дIалецна.

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло официалехь бина хаам бац оцу инцидентах лаьцна. Луларчу регионехь хиллачу летарх лаьцна ца дуьйцу иштта Нохчийчуьрчу бакъоларъяран органаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG