ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан Iедалхоша куьйгаш яздина "Эрзин" цхьа дакъа Нохчийчоьнна дIалуш


"Эрзи" комплексехь дIахьон белхаш, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь
"Эрзи" комплексехь дIахьон белхаш, ГIалгIайчоь, Нохчийчоь

Наггахь бен ца хуьлу дийнаташ а, ораматаш а кхиош, даржош йолу "Эрзи" комплексан цхьа дакъа къоман парк ян Нохчийчоьне дIалуш, пакет кехаташна куьйгаш яздина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь цунах лаьцна дIахьедина Оьрсийчуьрчу Iаламан хазнийн а, экологин а министро Козлов Александра, яздо Кавказ.Реалиино.

Министро бахарехь, 2023-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-ра де тIекхачале латтанаш дIадаларх президентан омра министрийн кабинете листа чукхачон дезаш дара.

"И хаттар гуттаренна а дерзон дезаш дара. Оха бартбина белхан комиссехь, хIора регионан куьйгалхочо къастор ду, хьан куьйгяздийр ду дан дезачун (Iилма а юкъадало деза), мехкийн урхалхошца дийцарш дерза дезаш ду Товбеца-беттан 15-чу дийне кхаччалц. ГIалгIайчохь хIинцале а дахначу кIиранах и кхочушдина даьлла, шун куьйгашка хьоьжуш ду тхо. Теманаш чIогIа ира а, лазаме а ю, амма белхаш дIаболо документаш кечдина дацара", - далийна Козловн дешнаш ЧГТРК «Грозный» телеканало.

Министро тIетоьхна, ГIалгIайчоьнан дозанаш дIадаларх хаттар айдинера Нохчийчоьнан куьйгалло президентан Путин Владаимиран а, премьер-министран Мишустин Михаилан а цIарах кхехьийтина кехаташ бахьана долуш.

«Даймохк» парк кхолла дагахь хиларх 2020-чу шеран юьххьехь дIахьедира Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима. Официалехь дIахьедарца, "парко таро лур ю дийнатийн а, ораматийн бен-берсалла Iалашъян, цо хьелаш хIиттор ду туризмана а, садаIарна а". Оцу проектана юкъа мел ахча дилла деза, цкъачунна хууш дац.

  • Карладоккху, республикашна юкъара доза Нохчийчоьнехьа хуьйцуш хиларх къаьстира ГIалгIайчоьнан бахархошна 2018-чу шарахь, нохчийн некъан белхахоша, ницкъахой улло а хIиттийна, «Эрзи» олучу комплексехь белхаш болийча, 15 километарна ГIалгIайчу а боьлхуш. Махкахь нах протесте бевлира – эххар а митинган декъашхошна хенаш йиттира ворхI шарера исс шаре кхаччалц, ткъа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо а, Кадыров Рамзана а оцу юкъанна куьйгаш яздира регионашна юкъара дозанаш тIечIагIдеш.
  • Iедалхоша цхьаьнамаьӀнехь ду аьлла, латтанаш дIасахийцира республикаша, амма картографаша дIахьедира, ма-дарра аьлча, Нохчийчоьно долаяьккхина меттиг 25-зза сов хиларх, Нохчийчоьно схьаеллачул а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG