ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра итт салти велла Украинехь


МаIас, ГIалгIайчоь
МаIас, ГIалгIайчоь

Украинана Оьрсийчоь тIелаташ дакъа лоцуш вийна хиллачу ГIалгIайчуьра итт тIемалочун цIераш евзина. Меттигерчу зорбанашкахь гучуевлира церан цIераш, амма официалехь тIечIагIйина яц и информаци.

"Фортанга" телеграмерчу каналан хаамца, 10 стаг велла, 12-нна чевнаш йина. Иза бакъду элира Кавказ.Реалиига цхьахволчу веллачун гергарчу стага. Цо бахарехь, тIемалошна тIе "Град" герзаца тохарш дина, уьш бийшина Iачу юкъанна.

"Уьш бийшина а болуш, саццанза "Град" чуьра тIе герзаш детта долийнера царна, цхьана минотехь дахделира иза. Юха иза сихха дIатийра, амма дукхаъчарна чевнаш йира, техника а хIаллакйира. Байъинарш "Уралаш" тIехь дIагулбира, ворхI сахьтехь цигара дIабигира. ЧIогIа хала некъ бара, кхин а шиъ велира новкъахь", - аьлла цо.

Белларш, лазийнарш ГIалгIайчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкахь Iаш бара: Малгобекехь, Несарахь, Галашки-эвлахь, иштта кхечу меттигашкахь а. Церан цхьа дакъа Росгвардин Назранан тIеман декъехь дара, аьлла хьостано.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикера шиъ стаг кхалхарх лаьцна хаамбира, иза хиллера иштта оьрсийн эскаран декъехь Украинана чугIоьртачу юкъанна.

  • Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 102 маьрша вахархо, шайлахь ворхI бер долуш, ООН-ан адамийн бакъонехула волчу Лаккхарчу комиссара бахарехь зераш кхин а дукха хила мега. Украинан Iедалхойн хаамца, тIом болабеллачу пхеа дийнахь 350 стаг вийна, шайлахь 16 бер долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG