"Куриев Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьлла, бинчу латкъаман хьокъехь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) сацам бина, Оьрсийчоьнан Iедалхой бехке бу 32 шо долу Куриев Муслим валарна аьлла. Кхело билгалдаьккхина, адаман бакъонаш ларъечу Конвенцин 2-чу артиклца йолу "дахаран бакъо" а, 8-чу артиклан ("лараман а, доьзалан дахаран а бакъо") а йохийна хилар.
Латкъамбинчунна компенсаци дIаялар тIедожийна 60 эзар еврон барамехь, хоуьйту "Мемориало" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре яьккхина организаци, "Мемориал" цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.).
2014-чу шеран Зазадокху-беттан 22-чохь ГIалгIайчуьрчу Плиево эвлахь къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн а белхахоша вийра меттигера ши вахархо - Дышноев Башир а, Куриев Максим а. Iедалхойн версица, Куриев вийнера герзаш кхуьйсучу юкъанна. "Мемориалан" белхахоша хьесап дина, ницкъахошца кхийсаршка иза ваьлла вац аьлла.
- ГIадужу-беттан 5-чохь 2010-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Цечоев Гиланин доьзалехьа сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Цуьнан вахаран бакъо йохийна хилар тIечIагIдинчу кхело вийначун доьзална 20 эзар евро компенсаци хIоттийна, хаамбина "Правовая инициатива" проекто (арахьарчу агентийн тептаре яьккхина проект - редакцин билгалдаккхар.).
- 2010-чу шарахь Дагестанехь вайначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хутиев Мухьаммадан гергарчарна 60 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тахана.
- Лелийначу къизаллашна а, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтехь латторна а дуьхьал 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Iедалхошкара 3,5 миллион евро аьрзнаш чукхачийначарна дIакхачон сацамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оьрсийчоьнан 46 регионера кхаьчна оцу кепара латкъамаш Европан кхелан инстанци.