ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан акцийн хьалханчашна 7-9 шераш хенаш тоьхна кхело


Магасера митинг
Магасера митинг

Ессентикехь кхело бехке лаьрра ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан акцешна хьалхабевлла лелла жигархой ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а, ткъа иштта цунна юкъахь дакъалацарна а. Хенаш тоьхна царна 7-9 шераш набахтехь даккха.

Ужахов Малсагна, Барахоев Ахмедна, Мальсагов Мусана хIоранна 9 шо тоьхна, Барахна, Хаутиев Багаудинна, Нальгиев Исмаилна хIоранна а 8 шо тоьхна, Саутиева Зарифина 7 шо 6 бутт тоьхна колонехь даккха. И хенаш тохар даьхнера бехкебечарна прокуроро а.

Кхелехь дакъалоцуш хиллачу адвоката Куриев Мохьмада хаам бина Кавказ.Реалиига, Ужахов кхин а бехке вина хиларх лаьцна "бахархоша шайн гражданийн декхарш кхочуш ца дарна тIехьоьхучу коммерцица йоьзна йоцчу вошвхтохараллана куьйгалла дар я кхидолу низамашца догIуш доцург лелор" артиклехула.

Барахоев бехке вина оцу вовшахтохараллехь дакъалацарана а, шолгIа гражданство а йоьлуш, цунах лаьцна Iедалшка ца хаийтарна а.

  • Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а.
  • Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG