ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хIусамдас берашна тIехь ницкъбарх дийцина журналисташка ГIалгIайчуьрчу йахархочо


Татриева Анна. ASTRA ютуб-каналера скриншот
Татриева Анна. ASTRA ютуб-каналера скриншот

ГIалгIайчуьрчу вахархочун Татриев Iумаран хIусамнанас Аннас дийцина "Астран" бозуш боцчу журналисташка, шен берашна а, шена а тIехь хIусамдас гуттара а ницкъбарх. Видеоинтервьюхь цо кхетийна, масех шарахь шена тIехь лелош хилла сийсазаллаш стенна лайна ша, полицига орца ца доьхуш.

Практикан лоьро Татриева Аннас бахарехь, цхьйтта шо хьалха доьзал кхоьллина цара. Дуьххьара хIусамдас туьйхира цунна, доьзалхочух йолуш ворхIалгIачу баттахь. ТIаккха цо бехк ца биллар дийхира, и кхин хир дац аьлла дош делира. Амма церан доьзалхой дуьненчу бевлчча, хIусамдас цунна йиттина ца Iаш, берашна йетташ хиллера.

Татриева Аннас чIагIдо, ша психиатрин лазартне йуьллур йу, бераш схьадохур ду бохуш кхерамаш тийсира шена – "Кавказехь бере, доккхачу декъанна, нана йелла, йа цо доьзал дIатесна олу".

ХIинца Татриевин аьтто хилла шен хIусамдеца къаста. Цунна дуьхьал кхоъ бехктакхаман гIуллакх долийна – тIехь ницкъбарна, верца кхерамаш тийсарна, доьзалхо кхиорехула шен декхарш кхочуш ца дарна а тIехула. Амма лаьцна латторан хан дIа ца йахйина цунна, цундела исс бутт бу иза а, цуьнан бераш а ураме ара ца бовлуш – цуьнан хилла волу цIийнда масех квартал генахь Iаш ву.

UfaI.ru зорбанна интервью луш Татриев Iумаран адвоката Гарифуллин Расима чIагIдора, Татриева Аннас хIусамдена дуьхьал дехкина бехкаш харц ду бохуш, тIаккха цо царна тIехь ницкъбина бохуш цо шегара дийцина, гIалгIайн ламасташна дуьхьал бераш шегахь диссийта.

  • Дайначу шеран лахьан-баттахь Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказехь берашна тIехь Iуналла латторан гIуллакхашкахь дискриминаци лелош хилар.
  • Доьзалера йедда йолчу 18 шо долчу ГIалгIайчуьрчу йахархочо Гиреева Лайлас латкъам бина, доьзалехь шена тIехь гуттара а ницкъбарх лаьцна. Гергарчу нахах ша ларйар доьху цо, ша йен мега цара, боху йоIа. Цул хьалха цуьнан нанас полице латкъам бира, йоIа хIума лачкъийна аьлла. Лайлас бахарехь, и бехкаш харц ду, ша цIайерзо Iалашонца дина ду цара и латкъамаш.
  • Марсхьокху-баттахь шех дIакъаста ойла хилла йолу шен хIусамнана йен гIоьртира ГIалгIайчуьра вахархо. Дуккха а уьрсан чевнаш йинашехь, дийна йиссира иза – дахарна коьрта йолу органаш лазийна ца хиллера. "Дикачу гIуллакхийн клуб" ("Клуб добрых дел") фондан куьйгалхо Матиева Ната хIинца дарбан цIинахь йу.
  • Мангал-баттахь ГIалгIайчуьра кхело дуьхьало йира меттигерчу йахархочунна Садакиева Розин бераш шеца дитахьара аьлла дина тIедиллар кхочушдан. Садакиевас латкъамаш бора, шен хиллачу хIусамдас ницкъабрх, иштта шен вашас а, дас а, ша къаьстина йаха ца йитарна а.
  • 2021-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу Могушков Мохьмад-Бешара шен йиша Евлоева Лиза "доьзална тIера эхь дIадаккхархьама" уьрсаца йийча, цунна ши шо туьйхира цIахь-чохь такха: Магасерчу кхело сацам бира, цо и зулам шовкъехь волуш дина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG