ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкебечу полисхошна арахь яккха хенаш тоьхна


Магасера митинг, зазадокху-бутт, 2019 шо.
Магасера митинг, зазадокху-бутт, 2019 шо.

ГIалгIайчоьнан полицин хилла 12 белхахо бехкехилар тIечIагIдина Железноводск гIалин кхело. 2019-чу шеран зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнан дозанаш хийцарна дуьхьал хIоттийначу митингехь Росгвардин а, протестхойн а тийсадалраш юкъахдаьхнера цара. Хуъушехь омра кхочуш ца дина, хаъал зен дина тобано аьлла бехкебина, цхьа шой ахшой арахь яккха хенаш йиттина царна.

ТаIзарна юкъатоьхна суьдхочо политикан мостагIаллин билгало йа мехкан Iедалан органашка цабезам, хаамбо адамийн бакъонаш Iалашъечу "Мемориал" Центро, делахь а, таIзар дикка кIеда ду, прокуратуро дехначуьнга хьаьжча. Набахтехь яккха ший шой ахшой хенаш йехънера цо таIзаре хIиттиначарна.

Иштта хаамбо, бехкебийраш дуьхьал хиларх тIаьххьара дош ала.

Магасехь хиллачу митингехь полисхой къаношца цхьаьна дIахIиттинера могIаршка, Росгвардин белхахошана а, протестхошна а юкъахь летарш ца хилийта, уьш дIасабохийнера цара. Уьш берш балхара дIабехира, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн сий дойу "хIуманаш лелорна" аьлла. Оцу юкъанна таIзаре хIиттийначара чIагIонаш йо, протестхой дIасалахка аьлла, омра шайга кхьачна дацара бохуш.

Бехк экс-полисхоша тIе ца лоцу. Хьалхо адвокато Цороев Виситас Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дIахьедира, ша Iалашбечара мелхо а цIий ца Iанадайтина, уьш юкъа ца гIоьртинехь Iана кийчча хилла долу.

ГIагIайн полисхойн гIуллакхехула кхеле озийна ву 13 стаг, делахь а, царех цхьаннан, Долгиев Мохьмадан гIуллакх, къаьстина луьстуш дара. 2021-чу шеран лахьан-баттахь арахь такха цхьа шой ахшой хан туьйхира цунна, цул тIаьхьа Коьртачу прокуратурин дехарца Пятигорскерчу кассацин кхело дина таIзар юхаийцира, кхин цкъа а гIуллакх талла а хьажош.

  • 2018-чу шеран гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а куьйгаш яздира, шина регионна юккъера дозанаш дIасахуьйцучу бертана. ГIалгIайчохь наха дуьхьалонаш гIаттийра, 2019-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь Росгвардица дуьхь-дуьхьал нислуш.
  • Бакъоларъяран "Мемориал" Центран зерашца, верриг а "гIалгIайн гIуллакхехула" бехкзуламан жоьпалле хIоттийна ву 49 стаг. 2021-чу шеран гIуран-баттахь гIалгIайн протестийн ворхI лидерна ворхI шарний эхашарний тIера исс шаре кхаччалц хенаш туьйхира чохь яккха. Бакъоларъяран "Мемориал" Центро политикан тутмакхаш лерина гIалгIайн протестийн лидерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG