ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкевечу 12 полисхочунна 2,5 шераш тохар дехна прокуратуро


Магасера митинг, 2019-чу шеран зазадоккху-бутт
Магасера митинг, 2019-чу шеран зазадоккху-бутт

Железноводскан гIалин кхелехь хиллачу дийцаредаршкахь прокуратуро юккъерчу хьелийн колонехь даккха шиъ, ах шераш тохар дехна ГIалгIайчуьрчу 12 полисхо лаьттинчу наханна, 2019-чу шеран зазадоккху-баттахь ГIалгIайчоьнан дозанаш хийцарна дуьхьал Магасехь хIоттийначу митинган декъашхойн Росгвардица хила тарлуш долу латар юхатоьхнера цара.

Цунах лаьцна дуьйцу адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро. Тобано лерина шайга делла омра кхочуш ца дарна, тIаккха цунах доккха зен хиларна бехкебо полисхой.

Митингехь полисхой цхьана рогIе дIахIиттира баккхийчу нахаца, протестхойн Росгвардин белхахошца летар ца хилийта, тIаккха уьш дIасабоьвлла. ХIора полисхо балхара вохийра "чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун цIе бехъяран гIуллакх лелорна". Амма бехкебечара чIагIдо, простестхой дIасалахка аьлла омра шайга ца кхаьчна.

Экс-полисхоша шайга кхийдон бехк тIе ца лоцу. Хьолххо церан адвоката Цороев Виситас Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дIахьедира, цIий Iанор юхатоьхна оцу полисхоша – бохура, "иза хир долуш дара", уьш юкъа ца гIоьртинехь.

ГIалгIайн полисхойн гIуллакхехула 13 стаг кхеле озийна, амма царах цхьанна, Долгиев Мохьмадна, къаьсттина гIуллакх диллира. 2021-чу шеран лахьан-баттахь цунна 1,5 шо хан туьйхира арахь яккха, амма Пятигорскерчу кассацин кхело коьртачу прокуратурин орзана тIехула юхабаьккхира и сацам, ткъа ша гIуллакх керлачу листаре хьажийра.

  • 2018 шеран гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех болчу бертана куьйгаш яздира регионийн куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, оцу хенахь куьйгалхо хилла волчу Евкуров Юнус-Бека а. Бинчу берто митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь, 2019-чу шеран зазадоккху-баттахь Магасерчу простесте гулбеллачу нехан Росгвардица девнаш делира.
  • Бакъоларъяран "Мемориал" центран хаамашца, "гIалгIайн гIуллакхехула" вериг кхеле озийнарг ву 49 стаг. 2021-чу шеран гIуран-баттахь гIалгIайн протестан ворхI декъашхочунна ворхI шарна тIера исс шаре кхачалц хенаш йиттира. "Мемориал" бакъоларъяран центро гIалгIайн протестан декъашхой политикан тутмакхаш лаьрра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG