ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн гIуллакхна тIехула бехкебечийн агIор болу тешаш лебеш бу


Ставрополехь Ессентукерчу кхелехь хеттарш дан буьйлабелла 2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хиллачу протестийн лидерийн гIуллакхехула болчу тешашка. Iедалан векална дуьхьал ницкъ баьккхина хилла аьлла, митинг йирзинчул тIаьхьа бехкевина хилла 15 стаг ву иза, дийцина Кавказ.Реалиига адвокато Куриев Джабраила. Тешаша дийцарехь, цхьаммо тIе а ца теIош, шайггара лелла бу уьш аьлла, билгалдаьккхина Куриевс.

Цо бахарехь, кхеле хIиттийнарш вовшийн бевзаш а ца хилла дIалеццалц. Шайга хеттарш дечу заманчохь цара тIечIагIдира, митинг йоьдучу хенахь ницкъхоша питанаш лелийра аьлла.

"Митинг йоьдучу заманчохь цхьаболу митингхой дIабаха гIертара бохуш, дIахьедора цара, амма царна дуьхьало йина хиллера, майданара ара ца бовлуьйтуш. Ас дагадоуьйту, хьалхарчу кхелан кхеташонашкахь полицин лаккхарчу даржхочо шега хеттарш дечу хенахь элира: "Куьйгалло дина омра дара, цхьа а ара ма валийта аьлла". И бохург хIу ду, цхьана агIор баьхна цаьрга: "ДIагIо майданара", ткъа вукху агIор, оцу го юкъара арабовла аьтто ца бина церан. Уьш вовшах тасабалийта гIерташ хилла уьш",- боху Куриевс.

Цо дийцарехь, таIзаре хIиттийначеран агIончаш дуккха а бу, адвокаташ шайн ма-хуьллу къепе ларъеш болх беш бу, и нах кхеле кхойкхуш, цундела, бехкаш дохкучара санна, дукха хан йойур яц цара.

Карарчу беттан 20-чохь хиллачу кхелан кхеташонехь кхин а кхаа баттана чохь буьту хан дIаяхйира лецначарна, аьлла, тIетоьхна Куриевс.

Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а. И бахьана долуш толлучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву 30 гергга стаг.

Хьалхо бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар)политикан тутмакхаш бу аьлла, дIакхайкхира уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG