ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн протестан лидер Погоров Ахьмад кхин дIа а чохь вуьтур ву


Погоров Ахьмад
Погоров Ахьмад

ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц "гIалгIайн гIуллакхан" цхьахволу фигурант, протестан лидер Погоров Ахьмад чохь вуьтуш сацамбина Ессентуки гIалин кхело. Погоров бехкевина Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна а, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна а, хаамбо ОВД-инфо гIирсо. 2002-2003-чу а шерашкахь гIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллехь вара Погоров.

Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал къийсам латточу юкъанна 2018-чу шарахь меттигерчу оппозицин цхьахволу лидер хилира цуьнах. ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетан декъашхо хаьржира иза, Дуьненаюкъарчу гIалгIайн къоман конгрессан урхалхо а вара иза, антикоррупцин талламаш а дIахьора цо.

2021-чу шеран Чиллан-баттахь лецира иза, цул тIаьхьа дIасавийлар а дихкина, лаьцна витира. Экстремистийн а, террорхойн а тептаре язвина Росмониторинго ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн экс-министр Погоров Ахьмад.

  • Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар) политикан тутмакх лору Погоров.
  • 2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
  • ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
  • Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG