2000-чу шарахь Басаев Шемалан тоба тIелеттачу хенахь оьрсийн эскархойн дахарна тIекховдарна бехкевеш поэтана Арбинин Германна (Арбинин Шемал а, Саидов Шемал а санна вевзаш а ву) дина таIзар лахдан реза ца хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел. Бехкевинчунна шена дина таIзар – 10 шо колонехь даккха – тIех сов шога хетта.
Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь Москвахь дIалецира Арбинин, тешаш бахарехь, шен къеначу ненаца шен хIусаман чугIойлехь. Таллам боьдучу юкъанна, Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх луьстучу хенахь цо буьззинчу барамехь бехк тIелаьцна, кхел хилале хьалха талламхошца юкъаметтиг лелон реза а хилла.
Апелляцин латкъамехь чIагIдора, Арбинин 2000-чу шарахь шен бехк тIе а лоцуш, низам лардаран органашка веанера, ша гIаттамхошлахь дакъа лаьцна аьлла, кхоччуш кийтарлонаш елча амнисти йира цунна. ТIаккха иза "вуно чIогIа хийцвелира, кхин стаг хилира цунах, доьзал кхоьллира, балха хIоьттира, шен доьзална а, къеначу нанна а Iуналла деш вара, кхоллараллан литературан болх беш вара, иштта сагIа доькъуш а. Шен жимачу хенахь зулам а дина, шен хьежамаш, лелар хийцина цо, кхиъна стаг, тешаме вахархо, гIайгIа йолу доьзалхо а хилла".
Латкъам тIелаца реза ца хилла прокуратура, дина таIзар нийса а, низамца догIуш а лаьрра. Масала, прокуратурано кхел хилале бинчу бертан низамашца, Арбининна 13 шо колонехь яккха хан тоха мегара, цундела 10 шо – лахдаран хьелаш тидаме а оьцуш тоьхна ю.
- Арбинин дIалацале цо Iедалехьа йолчу "Чеченинфо" гIирсана еллачу интервьюхь цунах Оьрсийчоьнан яздархойн Союзан декъашхо элира, амма иза дIалаьцча, Союзан хьалханчо харц дора иза.
- Басаевн а, Хаттабан а вовшахтоьхначу тобано герзаца тIелатар дира 2000-чу шеран Чиллан-беттан 29-хь Псковерчу ВДВ-н 76-гIа дивизина Шуьйтан кIоштан Улус-Кертан уллорчу ломахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь. 84 дивизин эскархо вийра, веанна тайп-тайпана чевнаш йира.
- Псковерчу десантхошна тIелатар дарна шеконашца дIалецарш хIинцле а дIахьош ду: масала, Охан-баттахь ФСБ-но, Талламан комитето чот йира, оцу бехкашца Татарстанан ялх вахархо дIалаьцна аьлла, оцу республикехь пхи стаг а, цхьаъ – Санкт-Петербургехь а.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.