ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIайгIане, декъаза хьал ду". Къилбаседа Кавказера заьIапалла долу нах


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2011-чу шарахь дуьйна пачхьалкхан "Доступная среда" программа йу регионашкахь кхочушйеш. Цуьнан сайтехь чIагIдеш ма-хиллара, "заьIапалла йолчу нехан дахар аттачу даккха а, ма-хуьллу йукъараллех уьш ца хадийта а" Iалашонаш йу цуьнан. Йуьхьанца 2025-чу шарахь чекхйаккха йезаш йара иза, амма хIинца кехаташкахь 2030-гIа шо йаздо. И кхочушйан йолийчхьана хIун хийцаделла Къилбаседа Кавказан республикашкахь?

Нах дIасалеларан некъаш дац

Дагестанерчу "Доступная среда" программин карти тIехь 628 объект йу заьIапалла йолчу наханна лерина хIоттийна гIирс болуш. Луларчу регионашкахь – кхин а кIезга. Масала, Нохчийчохь уьш 189 бен йац, Къилбаседа ХIирийчохь – 83 (амма 2019-чу шарахь меттигерчу Iедало 151 йу бохура оцу тайпа объекташ), ГIалгIайчохь – ворхI (2021-чу шарахь республикан вице-преьера Фурсов Олега 56 йу бохура уьш).

Дагестанехь кхоччуш барамехь чекхйаьккхина программа, бохуш чIагIдора 2022-чу шеран лахьан-баттахь республикан белхийн а, социалан кхиаран а министра Махмудов Абдурахьмана. Меттигера жигархой цуьнца реза бац.

Программехула Дагестанехь кIезга хIума ца дина, амма кхин а шортта дан дезаш ду, билгалдоккху йукъараллин "Монитор доступной среды" проектан куьйгалхочо Алиева Сабринас.

"Шина шарчохь оха "доступная среда" хIоттийна 95 процент пачхьалкхан хьукматашкахь. ХIинца нах дIасалелачу некъашца болх бо оха: церан хьокъехь 100 сов аьрзнаш чуделла оха, царах 80 гергга кхело къобалдина", – дуьйцу Алиевас.

"Монитор доступной среды" вовшахтохаралло кхел хилале арз хьажадо, амма 40 дийнахь и кхачамбацар дерзийна ца хилча аьрзнаш дала дезаш хуьлу

"Монитор доступной среды" вовшахтохаралло кхел хилале арз хьажадо, амма 40 дийнахь и кхачамбацар дерзийна ца хилча аьрзнаш дала дезаш хуьлу. Дукхахдолчу гIуллакхашкахь иштта лела дезаш хуьлу вовшахтохараллин, чIагIдо Алиевас.

"2022-чу шарахь "доступная среда" программа кхаа министраллехь бен кхочуш ца йинера. Амма исс шо ду иза йан йолийна", – тидам бо Алиевас.

ГIудалкхашца дIасалелачу заIаьпалла долчу наханна леринчу транспортаца доьзна хаттарш а ду цуьнан.

"Оцу кепарчу автобусаш чу хьалабовлуш гIо ца до царна машен лелорхоша. Иштта меттиг баьлча латкъам бан номер дIа а йазйина, кехаташ хьалаохка аьлла хьехнера оха. ХIинца уьш охьадаьхна: йа Минтрансо, йа шаьш автобус лелорхоша", – боху Алиевас.

Махачкахь оцу наханна лерина социалан такси цхьаъ бен йац, иза гуттара а йиш йоцуш хуьлу, билгалдоккху жигархочо. Цо бахарехь, ша санна гIудалкхашца дIасалелачу наха рогIера такси кхойкху.

Массо меттехь ламеш

"Сан гIудалкх чохь йолчу доттагIчуьнца гIаларчу цхьана метте кхача аьтто бац, – дуьйцу Владикавказерчу йахархочо Еленас (цуьнан дехарца цIе хийцина. – Ред. билг.). – Кафе чу стендап-концерте йаханера тхойша: цигахь пандус цахиларал сов, шиъ тIегIа йу – стоьлашна тIекхача веза лами тIехула охьа а воьссина. Йа кинотеатрехь: зал чу лифтаца кхача йиш йу, амма чохь лами бу. ДагадогIу суна, хадархоша тхуна гIо деш".

ЗаьIапчу наханна лерина социалан транспорт хиларх ца хаьа Кавказ.Реалиин сайтаца къамелдечунна. Цо бахарехь, вевзачу машенлелорхочуьнга орца деха дезаш хуьлу.

Владикавказан администрацино и кхачамбацарш хилар тIелоцу: 2022-чу шеран гIуран-баттахь некъан транспортан а, некъан болам болоран а урхаллин куьйгалхочо Гатциев Артема дош делира, Теркан йистехь оьшуш йолу пандусаш хир йу аьлла.

"Дукха хан йоццуш "Владикавказ" аэропортан керла терминал схьайиллина, буьззинчу барамехь оьшучу кепара кечйина йолуш, 2024-гIа шо тIекхачале Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанера "Верхний Ларс" чекхвалийтаран пункт а хир йу дерриг тIедахкаршца йогIуш, – дуьйцу заьIапхошна а, леларца проблемаш йолчу къаношна а реабилитаци йаран центран куьйгалхочо Цаллагова Жаннас.

Коьртачех цхьа проблема – гIудалкхашца дIасалелаш болу заьIапхой бехаш йолу дуккха а петарийн гIишлошца йу

Цунна хетарехь, коьртачех цхьа проблема – гIудалкхашца дIасалела заьIапхой бехаш йолу дуккха а петарш йолу гIишлошца йу. Царна оьшучу кепара хьелаш нисдан аьтто бац цигахь, тIаккха оцу хенахь керлачу хIусаме итт стаг бен дехьаваккха йиш ца хилла.

"ХьаштангIашка-м са а ца туьйсура"

ГIалгIайчохь социалан объекташ, инженеран, транспортан индустри заьIапхошна оьшучу кепара кечйина йац, чIагIдора 2022-чу шеран гIуран-баттахь Къоман кхеташонан ладегIаршкахь гIоьналлин "Мял" фондан директоро Дзейтова Лайлас.

"Тхуна луучу кепара бац хийцамаш. Вуно даккхийра ламеш долуш, лифташ йоцуш шортта объекташ йу тхан", – дуьйцу берийн а, баккхийрачу нехан а "Другой взгляд" интеграцин клубан куьйгалхочо Евлоева Лизас – иза ша йу гIудалкхаца лелаш.

Цо билгалдоккху, Магасехь "доступная среда" программица дерг кхин башха ледара дац, амма Несарахь дерг – "гIайгIане, декъаза хьал ду".

Евлоева Лиза
Евлоева Лиза

"Со лелачу доьшийлехь а пандус сайн чоьтех хIотто йезна. Оьшучу кепара йолчу хьаштангIе-м сатийса а хала ду, – билгалдоккху Евлоевас. – Дукха хан йоцуш йохк-эцаран центр схьайиллина тхуна. Амма гIо а доцуш, цигарчу пандусех пайда ца эцало. Цул сов, хьаштангIа, йа заьIапхойн гIудалкх лелочу наханна лерина кхинболу аьттонаш бац цигахь".

"Доступная среда" программа ГIалгIайчохь кхочушйарна иттанна йукъара пхи балл йуьллур йара Евлоевас.

"Со догIаьржа хилар дац иза. Хьал дикачу агIо хийцадала лаьа суна. Цхьанненан гIо а доцуш дIасалела лаьа суна, – кхетадо жигархочо. – Со машен лелош йу, леррина гIудалкх йу сан, цхьанне гIо доцуш чухаа аьтто болуш. Амма жимачу бордюрана тIейала ницкъ бац сан. ЧIогIа вас йо оцу гIуллакхо", – билгалдоккху Евлоевас.

Берана лерина баккхийрачу нехан гIудалкх

"Доступная среда" программа кхочушйарх гуттара а чот йо Нохчийчоьно. Официалерчу хаамашкахь "башха кхачамбацарш дац", "жимма болх бар оьшу" олу.

Либхан (цуьнан дехарца цIе хийцина оха. – Ред. билг.) Соьлжа-ГIалин кIоштарчу эвлахь йехаш йу. ГIудалкхаца бен дIасалела аьтто боцучу 12 шо долчу йоьIанна Iуналла деш йу иза.

"Ас иза карахь лелайо, – дуьйцу Либхана. – Наггахь когаш тIе дIахIутта иза, амма гIулч йаккха кхоьру. Цхьа дика гIудалкх йара тхан, амма цуьнан чIуьрг йоьхна, и хийца аьтто ца белира сан цхьанна меттехь. Социалан страхованин Фондо баккхийрачу наханна лерина гIудалкх йелира тхуна, 10 шо хьалха лулахошна дIайелира оха иза".

Либхана бахарехь, церан хIусамна хьалха "грейдеран некъ бен бац".

"Амма асфальтан некъа тIе дIакхаьчначул тIаьхьа лартIахь дIаваха аьтто бу, – чIагIдо Кавказ.Реалиин сайтаца къамелдинчо. – Амма Соьлжа-ГIалахь дика некъаш ду. ТIаккха сан йоьIанна са гуш ца хилча, стенна оьшу тхуна буьйлабелла лелар?"

"Бехктакхаман гIуллакхаш иттанашкахь доладо"

Пачхьалкхан программашкахула бехктакхаман гIуллакхаш иттанашкахь доладо, чIагIдо курхаллица къийсам латточу йозуш йоцчу дуьненайукъарчу Transparency International-н Оьрсийчурчу вовшахтохараллин куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

Сих-сиха социалан страхованин Фонде харц хаамаш хьийсадо хьукматаша, йа дина белхаш оьшучу кепара ца хуьлу

"Регионашкахь "Доступная среда" кхочушйарехь проблемаш цхьатерра йу. Дукхачу хьолехь, бина белхийн барам лакхабаккхар а, йаьссачу компанешкахула ахча идор а ду дуьйцург. Сих-сиха социалан страхованин Фонде харц хаамаш хьийсадо хьукматаша, йа дина белхаш оьшучу кепара ца хуьлу. Лечкъийначу ахчийн барам бIеннаш миллионашка кхочуш хуьлу", – боху Шумановс.

Амма оцу проекташкахула йолу курхаллин схемаш вала меттиг цахиларна гучуйуьйлу, хIунда аьлча, уьш кхочушйаран хьелаш чолхе, йа цхьанне агIор дан йиш йоцуш хуьлу, кхетадо Шумановс.

Шуманов Илья
Шуманов Илья

"Цхьана шарна билгалдаьккхина бюджетера ахча оцу хеначохь дайъина хила деза. Амма ахча шеран чакхенгахь кхочуш нисло. ТIаккха проект шен хенахь чекхйаккха йиш ца хуьлу, йа оьшучу кепара ца хуьлу эцна гIирс. Цул сов, подрядчикашца барт бан декхаре бо хьаькамаш оцу хьоло", – тидам бо эксперта.

Бюджете дерриг ахча оцу Iалашонашна дайъина аьлла регионо дIахьедеш далахь, цо хаттарш кхуллу, таллам баран бух а бу иза, хета Шумановна.

"Цигахь болх беш вуно эвсаралла йолуш менеджераш-технократаш хила мега. Амма цигахь баккъала а болх мел бу, кехаташкахь мел бу – низам ларадаран хьукматаша талла деза", – билгалдоккху эксперта.

Украинера тIом болабелча, Оьрсийчоьнна дуьхьал йаьхначу дуьненайукъарчу санкцеша гIирсан мах хьалабаьккхина, хIинца уьш ца эцало шо долалуш билгалбаьхначу мехашца. Пачхьалкхан программаш кхочушйарехь кхачамбацарш хиларан коьрта бахьана ду иза, тидам бо Кавказ.Реалиин редакцица къамелдечо.

***

ЗаьIапхойн федералан реестран хаамашца, оьрсийн регионашкарчу бахархойн терахь тIера уггар дукха заьIапхой болу регион йара Нохчийчоь 2019-чу шарахь. 1,5 миллион стаг вехачу республикехь 211 661 заьIапалла йолу вахархо вара.

2015-чу шарахь оьрсийн йукъараллин "Оьрсийчоьнан лаамхойн цхьанакхетаралло" хаамийн коммуникацин "Рейтинг" Центро гIо а деш, таллам хIоттийра, заьIапхошна лерина социалан индустрин объекташ хилар билгалдоккхуш. Дагестан 76-чу меттехь йара, Къилбаседа ХIирийчоь – 76-хь. ГIалгIайчоь 81-чу меттехь йара 85 меттигна йукъара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG