ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а хIусам лаца аьтто болчу рейтингехь тIаьххьара ю


Безенги, ГIебарта-Балкхаройчоь. Архивера сурт
Безенги, ГIебарта-Балкхаройчоь. Архивера сурт

Петар лаца бахархошна уггар аьтто боцучу регионашлахь ю ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а – иштта сацам бина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталлан талламхоша.

Росстатан зерашца бина и талламаш, хIора регионехь шиъ бер долчу доьзална рогIера ши чоь йолу петар лаца аьтто хилийта хIора баттахь даккха деза ахча тидаме а оьцуш хIоттийна рейтинг.

Билгалдаьлла, кху шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь доьзало оцу гIуллакхна мел кIезга а 85,2 эзар сом даккха деза, т1аккха и аьтто 15,4% бахархойн бен бац. Нохчийчохь и барам 17% бу – цигахь диъ адам долчу доьзална петарх д1адала а, рог1ерчу г1уллакхашна оьшу ахчан барам а 79,5 эзар сом бу.

Итт аутсайдерийн* тептаре нисъелла ГIалгIайчоь (19% бахархойн аьтто бу петар лаца), Дагестан (20,1%), Кхарачойн-Чергазийчоь (21,7%), Къилбаседа-ХIирийчоь (23,8%). Краснодаран мохк 71-чу могIарехь нисбелла 26,9% терахьца, Ростован мохк 57-чу меттехь бу (32,9%). Къилбан а, Кавказан а регионашлахь петар лаца аьтто лакхара бу Волгоградан махкахь, 68,9 эзар сом оьшу цигахь. ТIаккха и лаца таро ю 38,1% бахархойн.

Рейтингехь хьалхара кхо меттиг яьккхина Ямало-Ненецкан автономан гоно (69,6%), Чукотко (59,1%), Ханты-Мансийско (56,7%).

*Оьрсийчоьно аннекси йина Г1ирма а, Севастополь а юкъалоцуш.

  • 2021-чу шеран жамIашца Къилбаседа Кавказан ялххе а республика къоман дахаран дикаллин рейтингехь аутсайдершлахь нисъелира.
  • 2021-чу шеран лахьан-баттахь хиира, дахаран дохалла дIадахлур долчу тIебогIу пайда лаккхара а, юккъера а болчу 37 пачхьалкхашлахь Оьрсийчоь лидер яларх. И гайтам лахбелла божаршлахь 2,33 шарна, зударшлахь 2,14 шарна. Цунах лаьцна дийцира британхойн BMJ журналехь зорбане баьккхинчу талламехь
  • Дахаран дохалла Нохчийчохь деа шарна ала мегар долуш лахдира ковидан пандемино 2020-чу шарахь.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-беттан жамIашца, Оьрсийчохь бахархошна мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, - хеттарш дина ах бохург санна бахархой сингаттам, кхерам, оьгIазалла ловш схьабогIу. Церан синхIоттаман индекс охьайер ю мел кIезиг а 14 шерачохь. "Левада-центран" графика тIехь ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG