ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIезалойчуьра шен векална бюджетера алапа лур ду Кадыров Рамзана


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун ГIезалойчуьра "векало" Бердукаев Асламбека юкъараллин кепехь дIакхоьхьур ду шегара дарж, мехкан къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а минисраллин белхахо санна гIуран-беттан 30-чуьра дуьйна. Оцу хьокъехь омрана куьгйаздина Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыов Рамзана. Иштта Бердукаевх пачхьалкхан белхахо хилла, бьюдетера алапа оьцур ду цо.

Тоххара Волгоградан кIоштахь юьртбахаман гIуллакхан коьртехь вара иза, 2010-чу шарахь бохийра цуьнан болх.

Федерацин хIора субъектан Москвахь хила йеза векалалла йоцург а, Нохчийчоьнан векалташ ю Рязанан кIоштахь а, Санкт-Петербргехь а, Краснодар-махкахь а, Къилбаседа Малхбузенан федералан гонашкахь а, Туркойчохь а. 2017-чу шарахь официалан "Чечня Сегодня" ресурсо чIагIдора, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь Нохчийчоьнан векалаллаш ю бохуш.

  • ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь шен "векал" хIоттийра Кадыров Рамзана "Ахмат" СОБР-н командиран гIовс Ибрагимов Хьасан. 2020-чу шарахь эскархочо мехкан куьйгалхочун карара Нохчийчоьнан лаккхара совгIат схьаийцира – Кадыров Ахьмадан орден. ТIаьхьа дийцадаьккхира, аннексий инчу ГIирмехь иза летарх.
  • Хьалхо Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш ца хилла Ростовра бизнесхо Мударов Рамзан.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Саратовн кIоштан кхело хийцам боцуш дитира, ша Марксовскан кIоштахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал ву бохуш хиллачу Дукаев Рустамна дина таIзар. Нуьцкъала ахчанаш дахарна колонихь даккха итт шо тоьхна цунна.
  • 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ханты-Мансийскан автономин гонашкара векало Сайдаев Iелас шен доттагIчуьнца-полисхочуьнца йиттинера Азербайджанерчу вахархочунна, дIайигинера цуьнан машен.
  • 2020-чу шеран товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштара векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехкевинера хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.
  • 2017-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а. Цуьнан гIуллакх кхеле кховдийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG