ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойн хилла президент леван вигна Бишкекехь


Акаев Аскар
Акаев Аскар

Москвара Бишкеке кхаьчна ГIиргIизойчоьнан хилла президент Акаев Аскар дIакхачийна пачхьалкхан къоман кхерамазаллин комитете, хаам бо Свобода Радионо. Иза дуьненаюкъарчу лахаре кхайкхийна вара "Кумтор" деши доккхучу маьӀданехь цо коррупци лелийна хила мега аьлла шеко йолуш.

24.kg зорбан гIирсо яздарехь, Акаев ша реза хилла Бишкеке веана тошаллаш дан.

Акаев Аскар воцург Мангал-бутт болалуш дуьненаюкъарчу лахаме кхайкхийна ГIиргIизойчоьнан хилла президент Бакиев Курманбек а, ткъа иштта хилла премьер-министраш а, церан гергара нах а.

Акаев Аскара куьйгалла дира ГIиргIизойчоьнна 1991-чу шарахь дуьйна 2005-чу шаре кхаччалц. Иза даржера вохийра, махкахь карчам а бина. 2005-чу шарахь дуьйна хилла президент вехаш вара Оьрсийчохь, Iилманца боьзна болх а беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG