ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIишлош юттучул а, кадыровхойн батальоне? Къен нах дIагулбан муха гIерта Нохчийчохь


Кадыров Рамзан а, нохчийн парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а нохчийн ницкъахошна хьалха

Къен нах а, балхахь боцурш а царна пачхьалкхера догIучу даьхнийн гIонах дIахедабе, аьлла тIодожийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ницкъаллин хьукматашкахь болх бан уьш реза бацахь. Нохчийн парламентан куьйгалхочо дIахьехьедина, Устрада-ГIаларчу 188 божарех кхо стаг виссалц дуьхьал хилла ницкъахо хила. Оцу терахьаша дарвинчу Кадыровс махкахойх "тунеядцаш" аьлла. Къечу нехан тептарехь болчу бахархошка хаьттина Кавказ.Реалиино, хIун ойла ю церан оцу хьокъехь.

Меттигера нах ницкъаллин хьукматашкахь болх бан лууш цахиларх лаьцна дийцира Соьлжа-ГIалахь ницкъахошца хиллачу кхеташонехь. "Нефтеполк" олучу тобанехь мукъаевлла белхан меттигаш дIаюза аьтто ца баьлча йолийна и акци – юьйцург ю мехкдаьттан, газан республикерчу объекташна хадеш йолу ницкъахойн тобанаш. Цуьнан хьалхлера белхахойн тоба тIеман кепе а ерзийна Украинерчу тIаме хьажийна.

Нохчийчохь дIахьедира, 2180 меттигех эзар бен дIаюза аьтто ца баьлла. Иза ца кхочушдан йиш ца хилла цIеран батальонаш кхуллучу хенахь санна даккхийра ахчанаш лур ду баьхча а. Администрацин куьIгалхоша, кIоштийн къедаша, динан гIуллакххоша а меттигера бахархой тIаме кхойкхуш барамаш хIиттийча а. Цул тIаьхьа къечу нехан тептарехь берш тидаме ийцира хьаькамаша.

Даудов Мохьмада бахарехь, Устрада-ГIалахь санна хьал лаьтта республикан йиссинчу кIошташкахь а: цуьнан хаамашца, къечу доьзалшкара ялх процент божарий бен реза бац ницкъаллин хьукматашкахь болх бан. Кадыров Рамзана царна болх бан ца лаьа, аьлла кхетийна иза, "гай тIе маIарш хьоькхуш", социалан гIоьнца дахар дIакхехьа лууш бу аьлла цо. Уггара дика къаьсташ долу бахьана – кара герз эца цалаар – цо ца хьахийна.

"Секторшкахула дIадийца деза, РОВД-н куьйгалхошна тIедилла деза, тIаккха тептаршкахула хьовса, доьзалехь мел боьрша стаг ву. Царна хьеха: хIара белхан меттиг ю хьуна, дIахIотта, оха накъосталла дийр ду. Уггар хьалха къечу наханна балха хIуттуш гIодан деза. Доьзалехь шишша метр догIмаш дина масех божарий хилча уьш къе хила йиш яц", - аьлла Кадыровс кхеташонан юьххьехь.

Даудовера терахьанш хезначул тIаьхьа тIедожийна Кадыровс бахархой харжамна хьалха хIиттор: ницкъаллин хьукматехь болхбар, йа пачхьалкхан гIонах дIахадар. Хьалхо, цуьнан къамелаца дуьстича, ахча даккха аьтто санна дуьцура цунах дерг.

Кавказ.Реалиин корреспондента Нохчийчоьнан къинхьегаман министраллица зIене а ваьлла хаттар делира, социалан гIо оьцуш болу бахархой баккъала а оцу гIоьнах дIаходор бу, кадыровхойн хьукматашкахь ницкъахой хила реза цахилахь, аьлла. Федералан чоьтерчу льготникашца болх лелоран декъехь жоп делира "цхьанне агIор комментарий яла йиш яц шайн", аьлла.

"Муьлхха а социалан гIо оьшуш волчу вахархочо ша вехачу кIоштерчу къинхьегаман декъе арз дан деза, шен доьзал къечу хьолехь хиларна тIе а товжуш. ТIаккха уьш хьовсу доьзало доккхучу ахче а, церан оцу тайпа гIоне сатийса йиш юйла а", - жоп делла кхечу декъерчу белхахочо.

Схьадаккха диссина хIума дац

Къечу а, болх боцучу а нехан тайп-тайпанчу тептаршкарчу Нохчийчуьрчу бахархошца къамел дина Кавказ.Реалиин корреспондента. Цара бахарехь, кара герз эца хIинца а цхьамма ца аьлла цаьрга, амма царах дукхахберш пачхьалкхан гIоьнах дIахада реза бу, харжам бан безаш хилахь.

Курчлара 37 шо долу Изновр болх боцучу стеган кепехь чоьте хIоьттина биъ бутт хьалха. Шена кхочучу ахчех лаьцна "дийца а эхье ду" боху цо, - официалера белхан зенделларг ца хиларна цунна уггар кIезга социалан гIо яздина.

Оцу кепекийн бахьанехь цхьаъ реза хир ву моьтту шуна? Иза беламе ду

"Яккхийрачу рагIнашкахь лаьттича, "Мир" банкан карта даьккхича, тоъал сайн дог этIийча, теттина 900 гергга сом дара суна баттахь луш. ХIоразза а и ахча жимлуш дара – кхоалгIачу баттахь суна тIедаьлларг 700 сом дара. ТIаьххьаре а сецна и ахча, юханехьа даккха деза боху. Оцу кепекийн бахьанехь цхьаъ реза хир ву моьтту шуна? Иза беламе ду", - дуьйцу къамелдечо.

Ур-атталла Изновр аьттехьа реза вац, шайн тобанаш тIаме хьийсор яц аьлла жоп делла йолчу чоьхьарчу хьукматашкахь болх бан а. Цо бахарехь, пачхьалкхо цхьа а гарантеш ца ло, муьлххачу муьрехь тIаме хьажо а мега: "Со вуьйр ву аьлча а гIур вацара со, хIунда аьлча, шена тIехь цхьа а бехк боцуш валар гIоле ду, церан харц некъа тIехь, нехан цIий а Iенийна кхелхачул".

Чакхе йоцу тIом

Веданан кIоштера дуккха а берийн нана Зулайна пачхьалкхера гIоьнах дIахадоран кхерам хиларх шен мардегара хиина. Церан доьзал къечу нехан тептарехь бу, социалан гIо оьцуш а бу.

Ца лаьа наханна тIом бан, иза кIордийна царна, тоъал бала Iевшина вайн къомо шина тIамехь

"Мацаллех цхьа а ца велла, вай а лийр дац. ЦIийндас аьлла соьга, цуьнан алапа а, тхан пенсеш а тоьар ду тхуна хан яккха, амма тхайн кIентий церан кара оха дIалур бац. Цара шайн луург леладо. Ца лаьа наханна тIом бан, иза кIордийна царна, тоъал бала Iевшина вайн къомо шина тIамехь. Ма дика ду-кха ас сайн воккхахволу кIант Германе дIахьажийна, амма хIинца сайн берийн доьзалшкарчу божаршна сагаттдо ас, кхоъ стаг ву уьш", - дийцина къамелдечо.

65 шо долчу пенси оьцучу Лайлаъан (цIе хийцина ю. – Редакцин билг.) кхо кIант ву. Воккханиг футболан стадионехь болх беш ву, жимачу шинна могушаллица яккхийра проблемаш ю, амма заьIапхочун пенси ца доккхуьйту цара. Лайлаъан пенси кху шарахь цхьа эзар соьманна тIекхетта, хIинца 12 200 сом оьцу цо. Меттигерчу администрацино ши шо хьалха бахьанех ца кхетош дIабаьхна уьш къечу нехан тептарера. Амма Лайлаъан дешнашца, иза тIаккха а баркал олуш шена динчу гIоьнна.

Къечу доьзалшкара божарий батальонашка гулор бу, аьлла Iедало динчу дIахьедарна комментари ехча, къамел хадийра зудчун юккъерчу кIанта.

"ТIаккха ахь дийцахьа, хьан ойла муха ю? Ахь дIалур вуй хьайн кIант, хьайн лаамехь гIур вуй хьо? Тхо муха дехаш ду хьайн хиъча и хеттарш ахь лур дацара. Тхо тхаьш оцу тIамех метта ца даьхкина! Йиъ операци йина суна, шортта меженаш кегйина – со тIаме воьдучу хьолехь хетий хьуна? Хьан ватсап ялахь ас хIинццехь дIагойту хьуна тхо деха цIа. Везачу АллахIана гуш ду, тхо тахана ялх сахьт даьлча хьалагIевттина цIийнан пен табеш дара, и хIусам тIаьххьаре а Iай охьа ца кхетийта. Хьадуьйла, хьовса! Гур ду шуна оцу пачхьалкхо тхуна хIун гIо дина", - аьлла Лайлаъан кIанта.

Цо тIетоьхна, доьзалехь балхахь боцучу божарша дукхачу хьолехь хIусамаш юттучехь ахча доккху. ТIаме дIагулош хилахь ваха меттиг хир бац, боху къамелдечо.

Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдора, къенчу доьзалшкара божарий "массочу хенахь боьлхуш хуьлура, шаьш хадархойн хьукматашка балха хIиттаде бохуш". ТIеман тобанашкахь болх бан ца лаахь, тIаккха мехкдаьттан объекташ ларъеш болх мукъане байта, аьлла дIахьедира цо.

Рамзанан омра

Низамца наханна догIуш долу федералан а, регионера а пачхьалкхан даьхнийн гIоьнах шортта нах дIахедор Нохчийчохь баккъала даржа мега, аьлла хета "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина.

Соьга ма-дарра схьаэлира: "Иштта Рамзанна лиъна"

"Нохчийчохь дукха хенахь дуьйна лелаш дац Конституци, федералан низам бохург, Рамзанан омра бен дац. Амма дуккха а меттигера бахархой тешна бу, иза иштта болх беш хиларна. Масех шо хьалха тIенисъелла со оцу гIуллакхна, мича буьгу а ца хууш, шайн хIусамашкара арабаьхначу нехан бакъонаш ларъян со цига яхча, - соьга ма-дарра схьаэлира: "Иштта Рамзанна лиъна". Иза элира, со цунах нийса кхета езаш хиларх тешна а болуш", - дийцина бакъоларъярхочо.

Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG