Цхьанха а хуьлуш доцу спортан къовсадаларш ду дIадоьлхуш кху кIиранах ГIиргIизойчохь. Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзаршкахь дакъалоцуш бу 40 сов махкара векалш. Ялх дийнахь хир долчу цу Ловзарийн декъашхой къовсалур бу Юккъерчу Азехь ширачу хенахь хиллачу 23 спортан кепехь.
Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзарш
9
ЧIу хоьцуш ву Казахстанера бере. Хуучара дийцарехь, вуно хала ду кху кепара говра хаьхкина а воьдуш секха Iад кхосса.
10
ЖIаьлеш довдуш къовсадалийтар. ХIара ду гIиргIизойн тайган олу жIаьла ду. И жIаьлеш ду лаьмнашка талла воьдуш лело динча санна.
11
Талла воьдуш лелон аьрзу. 2014-чу шарахь кху кепара ловзарш долуш аьрзушна талла борз лелийра лаьцна диттах дIайихкина йолу. Кху шарахь цуьнан метта елла кIийгаш оьхкинера серан тIе.
12
Бишкекерчу театран актрисийн гайтам юкъахбаьккхина цIеххьана тIетоьхначу догIано. Иза саццалц юьртана чохь хевшина Iаш бу уьш.