Цхьанха а хуьлуш доцу спортан къовсадаларш ду дIадоьлхуш кху кIиранах ГIиргIизойчохь. Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзаршкахь дакъалоцуш бу 40 сов махкара векалш. Ялх дийнахь хир долчу цу Ловзарийн декъашхой къовсалур бу Юккъерчу Азехь ширачу хенахь хиллачу 23 спортан кепехь.
Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзарш

1
ГIиргIизойчохь лаьмнашкахь йиллинчу юьртийн эвлахь дIадоьлхуш ду Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан довзарш.

2
Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь дуьйладелира Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан ловзарш, говрийн бергийн татанца.

3
Ловзарш схьадоьллуш хиллачу церемонехь деш долу шира хелхар.

4
Вевзаш волу актер Сигал Стивен вара Девлла лелачу къаьмнийн дуьненан ловзарш схьадоьллучу церемонехь дакъалоцуш. Иза гучувалар тIеийцира хьовсархоша маьхьарш деттарца.