Цхьанха а хуьлуш доцу спортан къовсадаларш ду дIадоьлхуш кху кIиранах ГIиргIизойчохь. Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзаршкахь дакъалоцуш бу 40 сов махкара векалш. Ялх дийнахь хир долчу цу Ловзарийн декъашхой къовсалур бу Юккъерчу Азехь ширачу хенахь хиллачу 23 спортан кепехь.
Девлла лелачу къаьмнийн Дерриг дуьненан ловзарш
5
Говрашна тIехь цIеран гайтам.
6
Ловзарийн къийсадаларш коьртачу декъана говраш хахкарца а, тIеман говзалла гайтарца а доьзна ду. Амма къаьмнийн хелхарш а гойту цуьнан декъашхоша.
7
ГIаж дIасаийзош къийсадалар.
8
Чаболахь йоьдучу говрана тIе а хIоьттина секха Iад кхуссуш къовсавала кечлуш ву хIара къона бере.