ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан денош дуьйладелла тахана бусалбанашна


Тахана, Товбеца-беттан 20-чохь дуьйна ГIурбан (ал-Адхьа) денош дуьйладелла бусалбанашна. Ислам динехь уггаре дезаде (Iийд) лоруш ду Iийд ал-Адхьа.

ГIурба дарца доьзна кхо де мукъа кхайкхийна ду Нохчийчохь. ГIурбан де даздеш бу эзарнаш махкал арахьа беха нохчийн махкахой а.

  • Оцу юкъанна, карачу беттан 9-чохь дуьйна маьждиге буьтуш бац вакцинаци йина аьлла, сертификат карахь доцурш. Меттигерчу бахархоша даредора маьждига чувоьдучохь ха деш полисхой бу, низам лардайта хIиттийна аьлла.
  • ГIурбан де даздар Москвахь дIахьура ду кхушара онлайн-рожехь. Цунах лаьцна хаа бира"Коммерсант" газето, Оьрсийчоьнан бусалба динан урхаллина тIе а тевжаш. Рузбан ламаз дийр ду Москварчу цхьана коьртачу маьждигехь, кхечу маьждигашкахь а, ткъа иштта меттигерчу динца йоьзначу вовшахтохаршкахь а гулабала ца оьшу аьлла, хьехар дина динан урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG